ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Косовохь "нохчийн, чергазийн тобанаша" лелийначунна шаьш декъах дац аьлла Ичкерин агIончаша


Закаев Ахьмад
Закаев Ахьмад

Сербин президенто Вучич Александра дIахьединчу цхьана "нохчийн, чергазийн тобанаша" лелийначунна шаьш гунахь цахиларх дIахаийтина нохчийн оппозицин юкъаралхочо Сулейманов Джамбулата а, къобалъязчу Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада а.

Доккхачу декъанна, Ичкерин арахьарчу Iедалан премьер-министро Закаев Ахьмада элира Кавказ.Реалиига, "дуьйцург хIун ду ша хууш вац" аьлла.

Изза элира Европехь куп тоьхначу нохчийн "Толам" Комитетан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата а. "Оьрсийчоьнан бартхочун, Сербин агIонан провокаци ю аьлла хета суна и", - элира къамелдинчо.

Президенто Вучича товбеца-беттан 21-чохь дIахьедира, Косовоца юкъаметтигаш рогIера эгIале хьалха ах къобалйинчу оцу республикехь Кадыров Рамзанан рожан дуьхьалончех йолу "нохчийн а, чергазийн а тоба" хиллера. Вучича бахарехь, Оьрсийчоьнца болчу тIамехь Украинехьа тIемаш бан "потенциале салтий" юкъаийзош хиллера оцу наха, иштта Косовон къилбехь латточу герзашца болчу сербех информаци гулъеш а хиллера – уьш "хIаллакбархьама".

Сербин президенто чIагIдо, оцу тобанехь (Сулеймановца а, Закаевца а воьзна) Бахаев Ахьмад а, Арзасанов Идриз а вара бохуш. Кавказ.Реалиица къамел динчу нохчийн диаспоро дIахьедира, и нах шайна бевзаш бац аьлла.

  • Косовн а, Сербин а юкъаметтигаш рогIера юха а ийгIира товбеца-беттан 1-чохь, Косовон Iедало чубогIучу сербахойн документаш а, машенийн номерш а дIасахийцар тIедожийча. И барам богIуш бу тоххара дуьйна Белградо, Серби оьхучу Косовон бахархошца лелош. Сербихула дехьаволучуьра некъаш Косовон къилбехь бехачу сербаша дIакъевлира. ТIаьхьо Косовон полицино хаамбира, протестхоша лелориг бахьана долуш, декхаре дара шаьш "Ярине" а, "Брняк" а цIераш йолу дозанехула дехьаволу некъаш дIакъовла аьлла. Дуьненаюкъараллин дехарца, документаш а, номерш а дIасахийцар баттана тIаьхьатеттина Косовон Iедалхоша.
  • Косовон а, Сербин а Iедалхоша вовшашна бехкаш дехкира дозанера хьал талхарна. Президенто Вучич Александра дIахьедира, Косовохь сербашна тIаьхьабевлла лелаш хиларх.
  • Оьрсийчоьнан Федерацино тIе ца лоцу Косовон йозуш цахилар, цигахь яц дипломатин миссиш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG