ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ковид марсаяьллачу хенахь денна леш хиллачийн терахь довзийтина Кадыровс – официалехь хиллачул а дуккха а лакхара ду терахьаш


Пандеми яьржинчу муьрехь Соьлжа-ГIала, гайтаман сурт
Пандеми яьржинчу муьрехь Соьлжа-ГIала, гайтаман сурт

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, республикехь ковид марсаяьллачу хенахь денна 50-70 стаг леш вара аьлла. Украинехь Iожалла хиларх кхера оьшуш дац бохуш, хьаькамашца дIахьочу кхеташонехь масал далош дийцина цо.

"Керла "Нефтеполк" кхуллучу заманчохь (мехкадаьтта даккхаран объекташ Iалашъен полк.-редакцин билгалдаккхар.) цхьа нах бовлура, цигахь белхаш ма бе – тIамтIе хьийсор ду шу бохуш. Стенна [тIаккха] оьшу хьуна тIаккха кху дуьненахь ваха а, кхин мел ваха дагахь а ву хьо? Денна бIенашкахь нах ца лера вайн? Ковид, и гуш йоцу цамгар йолчу заманчохь [хаамбора] денна 60, 50, 70 стаг ле бохуш. Нах дIабохка а ца ларадора, кислорода бухахь лечу хьолехь вара эзара стаг. ХIетахь ца хаьара, мила бехкеван веза [цунна]", - боху хьаькамо. Кадыровс довзийтина терахьаш иттозза сов ду республикан официалан статистикехь денна лечу нахах довзийтинчул а.

  • "стопкоронавирус.рф" сайтехь билгалдаккхарца, пандеми яьржичхьана Нохчийчохь 2021-чу шеран марсхьокху-беттан 29-чохь дIахьединчу терахьца: 15 ву велларг. Верриг а коронавирусах регионехь кхелхина 1076 стаг, боху официалан хаамашкахь.
  • Йоллу Оьрсийчохь уггар а лакхара баларш дара масех дийнахь 2021-чу шеран лахьан-бутт юккъе баьлчхьана – 1,2 эзар сов вара денна леш.
  • Оьрсийчоьнан возуш воцчу демограф Ракша Алексей тешна ву, Оьрсийчоьнан дукхахйолчу регионаша беллачех харц хаамаш баржабора аьлла – оцу тIехь къаьсттина билгал яра Нохчийчоь.
  • Масканийн раж юкъара яьккхинчех а, иштта кхин долу диттина дозанаш а дIадаьхначех уггар хьалха яра Нохчийчоь - Iедалхоша дIакхайкхийра цунах лаьцна 2021-чу шеран чиллан-беттан 10-чохь. Оцу заманчохь юккъерчу барамехь аьлча, хIора денна ковидан ун хьакхалора 21 стагах. "Цамгар лахлуш ю, реанимацехь масех дархо бен вац. Цундела ас сацамбина, COVID-19 лазарца къийсам беш дуьхьал мел даьхна дозанаш юхадохуш", - дIахьедира хIетахь Кадыровс.
  • Оцу юкъанна эксперташа иштта сацам "лартIахь бац" элира, ткъа Нохчийчоьно йовзуьйту статистика "гомасиз" долуш ю элира. Цунах лаьцна "ДОШ" журнале дIахьедира МГУ-н географин факультетан профессоро Зубаревич Натальяс: "Нохчийчохь масканийн хьокъехь тIеэцна сацамаш богIуш бац республикерчу ковидан хьолаца. Баларийн динамики тIехь бина бац уьш. Ковидах лечийн гомасизе дакъа ду Нохчийчоьнан - и медицинан факт ю".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG