ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ковидна дуьхьал диттина дозанаш кхин а баттана дIадахдина ГIалгIайчохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIалгIайчоьнан Iедалша ГIадужу-беттан 31-чу дийне кхаччалц дIадахди республикера коронавирусна тIехула диттина дозанаш, COVID-19 ун даьлла нах совбийларна. Кавказский узел ресурсо бина цунах лаьцна хаам. Мангал-беттан 1-чу дийнера схьа дуьйна махкахь чIагIдина латтош дара уьнна дуьхьал тоьхна дозанаш. Республикерчу куьйгалхошна тIе диллинера, 60 процент белхахошна вакцина яйтар а, 65 шерел тIехбевлларш изоляцехь битар а.

"Регионерчу Роспотребнадзоран хьехарца ГIалгIайчоьнан урхалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас омра дина карара бутт баллалц карантин яхъеш", - яздо "Интерфаксо", Iедалхойн пресс-гIуллакххошна тIетевжина.

Могушалла Iалашъяран министралло бечу хаамашца, коронавирусан ун хIинццалц лахделла хиллехь а, тIаьххьарчу итт дийнахь вирус кхетта нах алсамбевлла махкахь.

ТIаьххьарчу зерашца, дийнахь-буса а 61 стагаца къаьстина COVID-19 вирус. Ткъа верриг а уьнах кхелхинарг ву 324 дархо.
Карарчу муьрехь 372 пациент ву дарбан хIусамашкахь, царех 154 стеган диагноз тIечIагIина ю. 40 чолхечу хьелашкахь хиларна реанимацехь латтош ву, хаамбина ГIалгIайчуьрчу Роспотребнадзоро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG