ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Краснодаран кIошто тIе ца дуьту вакцинаци йинарш Нохчийчохь шайчул а дукха бу бохург


Вакцина йина нах алсамхиларан терахь къоьвсина Краснодаран кIошто а, Нохчийчоьно а. Де хьалха мехкан Iедалхоша дIакхайкхийра, 60 процент бахархошна мехий диттина хиларца хьалхара регион ю аьлла. Оьрсийчоьнан могушалла Iалашъяран министрна Мурашко Михаилна тIетевжина, Краснодаран кIоштан администрацино тахана дIахьедина, Кубань хьалха ю аьлла.

"Пачхьалкхерчу массо а мехкашна хьалхаяьлла Кубань… ШолгIачу меттигехь Ростовн кIошт ю, кхолгIачу меттигехь – Нохчийчоьнан Республика. Рейтинг йовзийтина тахана, оперативан штабан кхеташонехь, Оьрсийчоьнан могушаллин министр Мурашко Михаил куьйгаллехь а волуш", - хаам бина шинарин дийнахь, Товбеца-беттан 27-чохь Краснодаран кIоштан администрацйин сайтехь бинчу хаамехь.

Министран дешнашна комментарий еш, Краснодаран кIоштан губернаторо Кондратьев Вениамина билгалдаьккхина: 1,5 миллион стаг Кубанехь вакцинацех чекхваьлла аьлла, вуьшта аьлча, тIелаьцначу планах 54 процент.

Де хьалха, Товбеца-беттан 27-чу дийнахь Нохчийчуьрчу могушалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана дIахьедира, "Оьрсийчоьнан Федерацин регионашлахь 60 процент бахархошна прививкаш йинарг цхьа Нохчийчоь ю" аьлла.

Сулеймановн дIахьедар хазийра оццу дийнахь Оьрсийчоьнан могушалла Iалашъяран министралло дIахьочу видеоселекторан кхеташонехь Мурашкос Краснодаран кIошт хьалхара хиларх дIа а хоуьйтуш.

54% вакцинацин план кхочушйина регион хьалха ю аьлла, дIахьединчу Краснодаран кIоштан администрацин пресс-гIуллакххоша бохург бакъ делахь, кхолгIачу меттигехь йолчу Нохчийчохь 60 процентна прививкаш йина хуьлийла дац.

Новости агенталло дахначу шинарин дийнахь яздира, Нохчийчуьрчу могушалла Iалашъяран министраллана тIетевжина, баккхийчарлахь 100 процент бахархой вакцинацех чекхбаьхна шаьш аьлла. Амма, тIаьхьо маса хийцира терахь, хIинца юьйцург ю 60 процент.

Оцу юкъанна, Новости гIирсах пайда а оьцуш, дуккхаъчу зорбанаша баржийра и хаам, шайлахь "Ставрополье" пачхьалкхан телеканал а, "Бизнес газета" а, Рен ТВ а, кхинболу федералан хаамийн гIирсаш а цхьана болуш.

Диллинчу зерашка хьаьжча, Краснодаран кIоштахь прививкаш йина 1,47 миллион стагана. Нохчийчохь 568 эзар вахархо чекхваьлла иммунизацех.

Вакцинаци яйта резабоцчарна лоьрашкара гIо тIаьххьарчу рогIехь бен кхачо ца деза, "кислород ца тоар мел хала хIума ду царна дIахаийтархьама аьлла, Кадыров Рамзана Стигалкъекъа-беттан 26-чохь дIахьединчул тIаьхьа хийцаделира Нохчийчохь прививкаш ярца долу хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG