ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремлан Iалашонан цхьа дакъа хила тарло нохчийн Iедалхой Пригожинна тIеберзар - ISW


Пригожин Евгений
Пригожин Евгений

Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонерчу нехан ЧВК "Вагнеран" долахочунна Пригожин Евгенийна бехкаш дахкар, кхерамаш тийсар хила тарло бизнесхочунна дискредитаци йеш Кремлан планан цхьа дакъа. Цунах лаьцна дуьйцу америкахойн "ТIом толлу Институтан" (Institute for the Study of War) рапортехь.

Эксперташна хетарехь, нохчийн Iедалхой Пригожинна дуьхьал бовлар цуьнан винчу дийнахь, товбеца-беттан 1-чохь а, тIеман хьалхарчу позицешкара ЧВК арайоккху аьлла, дIахьединчу хенаца нисдалар а лаа дац. Институто иштта хьахийна ФСБ-н хилла белхахо Стрелков Игорь (Гиркин), хьалхо цо элира, ЧВК "Вагеран" долахочуьнца йукъарло лелорехь Кадыровна цхьа а пайден хIума дац аьлла.

"Кремлан ницкъаш Бахмут схьайоккхуш цунах тешна болчу хенахьчул а, кхин а Iаьткъачу хьолехь нисвала тарло Пригожин, хетарехь, цундела информацин майданахь актуале виса лууш, йоллу Оьрсийчухула пресс-конференцеш дIахьош ву иза", - аьлла ду аналитикийн рапортехь.

Хьалхо Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада а, мехкан цIарах Оьрсийчоьнан парламентера Делимханов Адама а, "Ахмат" спецназан командир Алаудинов Аптис а массарна а хезаш бехкевира Пригожин, Бахмутна гергахь дукха нах хIаллакхиларна а, тIеман гIирс тоьаш бац бохуш, даздина дийцарна а. ТIеман куйгаллина цо шога критика йарна кхерамаш а тийсира цунна.

Ша Пригожина жоп делла, "Ахматах" лаьцна ша аьллачуьнца шегара бехк баккха хIумма а дацара. ЧВК "Вагнер" кхуллуш йукъахь хилла Уткин Дмитрий а къамелана йукъагIоьртира, амма Даудовга хьажийна дара цуьнан вистхилар: "Даим а кийча ду "къонахчо къонахчуьнца" санна къамелдан. Цу тIе вай вовшийн девза Нохчийчохь I-ра а, 2-гIа а тIемаш боьлхуш дуьйна". И дешнаш тарло кхерамаш туьйсуш аьлла, йиллинчу хьасташкахь йаздина ма-хиллара, Уткин Нохчийчохь тIемашкахь дакъалаьцна ву федералан Iедалан агIор, ткъа Кадыров а, цуьнан гонера нах а, Даудов а цхьаьна, уьш Оьрсийчоьнехьа бовллац, вукху агIор бара

  • Кху деношкахь тIом зуьйчу америкахойн Институтан аналитикаша дIакхайкхийра, Оьрсийчоьнан Iедалша тIедиллина хир ду нохчийн дакъошна Украинана дуьхьал тIелатар шайна тIелаца, нохчийн куьйгалхочун а Кадыров Рамзанан а, ЧВК "Вагнеран" урхалхочун а йукъаметтигаш йохон аьлла.
  • Стигалкъекъа-беттан 5-хь ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочо Пригожин Евгенийс Бахмут гIалана уллохь шен йолахой баларна бехкебира Оьрсийчоьнан тIеман министраллин куьйгалхо Шойгу Сергей, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн Коьртачу штабан куьйгалхо Герасимов Валерий а. Уьш баларан бахьана дара, цо дийцарехь, царна 70% тIеман гIирс цатоар. ТIаьхьо Пригожина ша шен нах цигара дIабуьгу элира. Кадыровс "Ахмат" батальон Бахмуте дехьайаккха ша реза вуйла хаийтира. ЧВК"Вагнеран" куьйгалхо цо аьллачунна тIетайра. Амма цу дийннахь хиира, ТIеман министралло Пригожинна оьшу тIеман гIирс лур бу аьллийла.
  • Зазадокху-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хастийра тIеман министралла а, цуьнан куьйгаллера Шойгу Сергей а, иштта оьрсийн тIеман эскарийн Коьртачу штабан хьаькам а. ДIахьедира, оьрсийн тIемалоша "хьекъале тактика" лелайо Украинерчу тIамехь аьлла. Оцу йукъанна, йуьхь-дуьххьал дIа а ца олуш, Кадыровс хьалхо масийттазза критика йира тIемаш барна а, къаьстинчу командирашна а. Цуьнан мах хадор цхьаьна догIура дукха хьолахь ЧВК "Вагнеран" долахочуьнца Пригожина Евгенийца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG