ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремлана лерина ду дӀахьедар? Стенна боху Кадыровс массо а нохчашка тIамна кийча хила


Соьлжа-ГIалара эскархой, гайтаман сурт
Соьлжа-ГIалара эскархой, гайтаман сурт

Кадыров Рамзана дӀахьедина, республикехь мел волу боьрша стаг тӀамна кийча хила веза аьлла. Цо и дӀахьедар дина, тӀаьхьарчу беттанашкахь махкарчу тIеман гIишлошна дронашца масех тIелатар динчу йукъанна. И дӀахьедар мел кхочушдан йиш йолуш ду, йукъараллехь цуьнан дешнаш муха тIеэцна а дуьйцур ду тхан редакцин материалехь.

ГIуран-бутт чекхболуш ницкъахошца тӀаьххьара хиллачу цхьаьнакхетарехь Кадыровс элира, республикехь мел волу боьрша стаг тӀамна кийча хила веза – иза, цуьнан дешнашца аьлча, хӀинца "цхьанхьа генахь боьдуш бац, вайн цӀахь бу".

И дIахьедарш доккхачу декъана Кремльна хазон аьлла дара

"Мобилизаци йан тарлуш мел стаг ву тидаме эца деза - массо а цу тептарна тӀе йазвала веза. Ницкъаллин структурийн хIора белхахочо шен гергарчаьрга а, бевза-безчаьрга а дIахаийта деза и. Уьш оцу сохьта дIахьовсор бу бохург дац иза, амма мичча хенахь а, оьшу хьал тIехIоьттича, вайна хаа деза, мел тIеман гIирс оьшур бу", - аьлла Кадыровс.

Цу кепара дара цуьнан вистхилар ишта Гуьмсера "спецназан университетана" дронашца тӀелатар динчул тӀаьхьа а. ХIетахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо хаам бира, республикехь эскаре дӀакхайкха хан кхаьчна 84 эзар стаг ву, мобилизацин ресурсехь кхин а 100 эзар стаг ву аьлла: "Уьш кхета беза, чохь хиъна Iарах гIуллакх хир доций хуу хан тIекхачарх". Цуьнца цхьаьна цо иштта чӀагӀдора, республикера цхьа а нуьцкъала тӀаме вахийтина вац бохуш.

И дӀахьедарш дукха хьолахь Кремлана аьлла, хьажийна ду, тешна ву политолог, "Кавказан къаьмнийн ассамблеян" куьйгалхо Кутаев Руслан: "Нохчийчохь кегийрхошна тIаьхьабевлла лела масех бутт а бара, тIаьххьарчу деношкахь лагIдинера мел а, и бохург хIун ду, шаьш гулбан лерина хилла нах вовшахтоьхна цара".

Оццу жамIаш деш вовшахтоьхначу кхеташонехь регионан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада хаам бира, 2022-чу шарера схьа дуьйна республикера Украине хьажийна 51 613 стаг, царех 20 400 "лаамхо" ву аьлла. И хаамаш тӀечӀагӀбан аьтто бац: Даудовс далийначу терахьашна юкъахь Нохчийчуьра нах хилла ца Iаш, кеп-кепарчу регионашкара "спецназан университетехула" вербовка йен йолахой а бу.

Билггал хила тарлуш доцу терахьаш

Нохчийчоь - цхьаъ бен йоцу регион йу Оьрсийчохь хӀинца а нуьцкъала мобилизаци дӀахьош, бохуш дуьйцу Норвегехь йолчу Human Rights Analysis центран куьйгалхочо Гисаев Ахьмада: "Нах ницкъбарца а, шантажца а гулбеш бу, ишта гергарчарна бекхам бийр бу бохуш, кхерамаш а туьйсуш.

Цуьнца цхьаьна, Кадыровс далийна терахьаш, билггал хила тарлуш дац боху цо. Росстатан зерашца, Нохчийчуьрчу бахархойн терахь ду 1 миллион 550 эзар: царех 750 эзар божарий бу, шайна юкъахь кегийрхой а, пенсхой а болуш.

Ӏалашо йу нохчашна тӀе тидам бахийтар а, царна буьззинчу барамехь дискредитаци йар а

Эскаре кхайкха безаш болчу нехан терахь 84 эзар ду бохург - терахь совдаккхар ду, иза "пиар йу, хила тарлун терахь дац" аьлла, элира политолога Денисенко Вадима Украинин NV радиона йеллачу интервьюхь. Цо билгалдоккху, оццул дукха адам вовшахтохар "муьлххачу а хьелашкахь йиш йоцуш хилар".

Изза ойла йу Гисаевн а: "Суна ца хета, и дӀахьедар цхьа а бух болуш ду аьлла, иза ма-йарра популизм йу. Цуьнца цхьаьна вай кхета деза и дӀахьедарш Москвара схьадогӀуш хиларх. Церан коьрта Ӏалашо йу хаамийн гӀирсийн тидам нохчашна тIеберзор, царна буьззинчу барамехь дискредитаци а йеш, хьовсал, доллу нохчийн къам Украинана дуьхьал тIом беш ду аьлла, дIагайтархьама".

Дозанал арахьарчу Ичкерин Ӏедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада а бохура, хӀара пиар-трюк йолчух тера ду: "Кадыров марионетка йу, и дерриге а зевне дӀахьедарш, иза Кремльна, къаьсттина – Путинна лерина, иза мехала хилар гайтаран Ӏалашонца деш ду".

Гурашкахь санна

Хьалхо Маршо Радионо йаздира, Соьлжа-ГӀалин йистехь Росгвардин машенна герз диттинчул тӀаьхьа талламаш барх лаьцна: дуьйцура йеа юьртахь ницкъаллин структураша рейдаш дIайахьарх. Цул тӀаьхьа "Мемориал" бакъонашларъяран центро дийцира нах лецна хиларх а, ницкъаллин органийн дакъошкахь болчу нахе тӀаме баха контракташна куьйгаш йаздайтарх а.

И тайпа хиламаш – Нохчийчоь Кадыровн нуьцкъаша мобилизаци йарх керлачу дIахьедарщка сингаттамца хьоьжуш хиларан бахьанех цхьаъ ду, бохура хеттарш динчу махкара бахархоша. И тIечIагIдо статистико а: регионера дIаоьхучу нехан тIегIа уггар а лакхара хилар билгалдьаккхира 2022-чу шарахь, мобилизаци кхайкхийначу хенахь.

Дукхаберш йуха а дӀабаха гӀертар бу, нагахь санна цхьа хӀума йуха а дӀадоладахь, бохуш дуьйцу Руслан (цӀе хийцина – Ред.) цӀе йолчу Нохчийчуьра вахархочо. Украинина дуьхьал тӀом болалуш цуьнан доьзало тӀедиллира цунна, Оьрсийчуьра дIа а гIой, гергарчу нахехь жимма къайлавалий хан йаккха аьлла. Амма реза ца хилира иза: Руслана дийцарехь, цунна ца лаьара ша бахьана долуш шен гергарчарна тӀехь гӀело йойла.

Ӏедална оьшучу хенахь юха а тӀаме дохуьйтур ду тхо

"ТӀаккха цара сацам бира, со Росгвардин йукъавахийта. Со эскарехь гӀуллакх дина вацара, цундела цунах массо а агIор пайда хир бу аьлла хетара. Барт бира оха, ур-атталла ахча а делира царна. Командира дош делира, ас Соьлжа-ГIалара объекташ ларйийр йу аьлла, амма биъ бутт баьлча, буьйса юккъе йахначу хенахь, кечдина дIагулдира тхо эскархойн декъе, бохуш дуьйцу цо.

Ши де даьлча Украине тӀаме хьажийра Руслан. Цо чӀагӀдарехь, цигахь шина баттахь цхьана объектехь гӀаролхо санна латтийра иза. Соьлжа-гӀала юхавирзинчул тӀаьхьа церан дакъа Курскан кӀошта хьажийра.

"Кхо бутт баьлча цӀа дахийтира тхо. Амма тхуна массарна а полкехь болчарна хаьа, тхо Ӏедална оьшучу хенахь йуха а тӀаме дохуьйтур дуйла. Сайна мел лаарх, йа балхара дIавала а, йа ведда дIаваха а йиш йац сан. Церан гуро лаьцча санна ду тхо", -дерзийра цо шен къамел.

  • Мобилизаци дӀакхайкхийначул тӀаьхьа, нуьцкъала тӀаме хьажорна кхоьруш, уьдуш болу Нохчийчоьнан бахархой массо а агӀор Европе кхача гӀертара, хӀинца а Оьрсийчоьнца визанаш йоцу раж йолчу Боснехула а, Герцеговинехула а. Иттаннашкахь нахана денна бохург санна дуьхьало йо Евробертан пачхьалкхашка кхача. Маршо Радион Балканийн сервисан корреспонденташ хилира Хорватица дозанехь йолчу цхьана меттехь, цара зийра, стенга оцу наха сатуьйсу а, дехьадовлийтаре сатуьйсуч мухIажарш стенах кхоьру а.
  • Нохчийчоьнан дукхахболчу бахархоша гӀортор йийр йара президенто Путин Владимира Украинера эскарш арадохуш бинчу сацамна. И гайтам Оьрсийчоьнан регионашна йукъахь рекорд хилла дӀахӀоьттира, гезгамашин-баттахь "Хроника", ExtremeScan проекташа бинчу талламийн хаамашца. Кавказ.Реалии сайто теллира, стенца доьзна ду и жамӀаш, теша мегар дуй царех аьлла.
  • Нохчийчоьнан бахархой тӀаме хьийсон Iалашонца лечкъош хиларх хиира 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь. Лачкъийначу нахе харжам бе олу: тӀеман министраллица контракт йаздо аша, йа харцонца бехкаш а дохкуш, билгалйоцу хан йаккха "къайлахчу" набахтешка доьлху шу бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG