Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарь волу Песков Дмитрий реза ца хилла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана регионашкахь "самомобилизаци" кхайкхайе аьлла динчу дIахьедарна комментари йан.
"Кхузахь тIеман говзанчаша санна мах хадо беза, хетарехь, тIаккха цунна тIеман министралло комментари йала еза", - цитата йо Песковна "РИА Новости" агенталло.
Дагадоуьйту, хьалхо Кадыров Рамзана дIахьедира, оьрсийн регионашкарчу куьйгалхоша "самомобилизаци" кхайкхо еза, Украинерчу тIаме лаамхой а кечбеш, Кремлехь тIеман хьал хIоттолац ца Iаш. Нохйчийчоьнан куьйгалхочунна хетарехь, хIора регионо цхьа эзар стаг мукъане кечвича - "лерринчу операцин Iалашонаш кхочушъяран хаттар уггар йоццачу хеначохь дерзо йиш хир яра".
Нохчийчоьнан куьйгалхочун идей къобалйира виъ губернаторо: Магаданан махкарчу Носов Сергейс, аннекси йинчу ГIирман куьйгалхочо Аксёнов Сергейс, Курскан мехкан куьйгалхочо Старовойт Романа а, Марий Эл мехкан губернаторо Зайцев Юрийс а. ТIаьххьарчо шен регионера Украине 250 лаамхо хьажор ву, аьлла дош делла.
Северодвинскерчу куьйгалхочо Скубенко Игоря Кадыровн идей "нийса ю" аьлла, цо муниципалан кIоштийн куьгалхошна хьехна, шайн эскархошна Iуналла дар, меттигехь хаттарш а луьстуш, царна мел-оьшург а латтор а.
- Гезгмашин-бутт болалуш украинхойн агIоно контртIелатар а дина, маьршаяьккхира Изюм а, иттанаш кхинйолу нах беха ярташ а. Оьрсийн эскархоша дIатессира Харькован кIоштан къилбаседера меттигаш. Оьрсийн эскархойн кхачамбацарш дуьйцучу юкъанна Оьрсийчохь юха а дийца долийра мобилизаци йийр ю бохуш.
- Австрерчу нохчийн диаспоран векалша пикеташ хIиттийна Венерчу Оьрсийчоьнан векалтна хьалха – Нохчийчуьра кегийрхой нуьцкъаха Украинерчу тIаме хьийсор сацаде, аьлла тIе а дожош. Хьалхо бакъоларъярхоша масийттаза дIахьедира, Нохчийчуьра кегийрхой лечкъа а беш, кхерамашца тIаме хьийсош бу бохуш. Цул сов, ниьцкъаха йолчу мобилизацина кIел нисло тутмакхаш а, Кадыровн рожан дуьхьалончаш а.
- ТIеман декхарш дIадахьа божарий реза боцу Нохчийчуьра къен доьзалш пачхьалкхера догIучу даьхнийн гIонах дIахедабе, аьлла тIедожийна республикан куьйгалхочо. Цунах лаьцна Кадыров Рамзана дIахьедина, Нохчийн парламентан куьйгалхо висхиллачул тIаьхьа. Кадыровхойн керлачу полке дIабазбала къечу доьзалшкара божарий дуьхьал хиларх дIахьедина цо.
- Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан администрацино низаман проект кечйина, "арме кхойкхучу комиссин коьрта а, резервехь долчу а декъана" гуьйранна мобилизаци йеш. ТIекхойкхур болуш бу I995-2004-чуй шерашкара бахархой, аьлла ду 24 агIонех лаьттачу документа тIехь (Кавказ.Реалиин редакцихь ду и). Нохчийчуьра зорбанан министро дIахьедира, Украинерчу хьолаца "цхьана а агIор доьзна дац тIекхайкхар" - хIора шарахь планехь хуьлуш йолу мобилизаци ю хIара. "Цуьнца доьзна и делахь а, вайна хIуммаъ вониг ца го цуьнца",- тIетуьйхира министро.