ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Курорташ яцахь а, бIаьргана гуччохь


Сочи, 2018 шо.
Сочи, 2018 шо.

Кремлехь тийна-таьIIина боьдучу къовсамо хIун дохьу Къилбаседа Кавказна

РогIера скандал иккхина "Къилбаседа Кавказан курорташ" цIе йолчу корпорацехь . 2015-чу шарахь цигахь лачкъийна Iедалан бюджетах долу 3,2 млн сом, боху прокуратурораша.

Дина зулам, прокуратурано дийцарехь, иштта ду: корпорацино ша йинчу харжашна тIейиллина ял ю схьаоьцург, аьлла, Iедалера ахча даьккхина, ткъа харжаш йина а ца хилла.

Амма "Къилбаседа Кавказан курорташна" гIшлош еш къахьегначу "Хаза мохк" ("Красивая страна") фирмин инарла директоро Смирнова Натальяс чIагIдо, шаьш болх бан а бина, иза 2014-чу шарахь а дара, бохуш.

Смирнова бакъ елахь, низамхоша жоп деха дезарг хуьлу "Къилбаседа Кавказан курорташ".

ТIаьххьарчу заманахь "Къилбаседа Кавказан курорташна" массийттаза йина низам талхорна ишар. 2017 шо чекхдоллуш дара Инарла Прокуратурано корпораци ("Внешэкономбанкан" долахь ю "Къилбаседа Кавказан курорташ") гIишлошъечу бизнес-планца а, инвесторш тIегулбарца а ледара хьийзарца бехкейича.

Ша схьаэцна аьлча, Кавказан Аьргахишкахь (Кавминводы) оьшшу медицининан кластер кхолла ца ларайо корпораци, ша Iедалера и проект кхочушъян 2 млрд сом гергга ахча схьаэцнехь а, бохура прокурораша.

Оцу юкъанна лецна Москох вежарий-бизнесхой МагомедовгIар, Зиявудин а, Мохьмад а. Дагестанхой бехкебо, жоьлкийн тоба а кхоьллина, ахчанаш лечкъорна.

Шина хиламца, тIехула хьажча, вовшашца боьзна бу ала дацахь а, зIе хаало.

Лецначу вежарийн шича Билалов Ахьмад Медведев Дмитрийс ша президент волуш хIоттийра "Къилбаседа Кавказан курортийн" коьрте. Оццу хенахь елира цуьнга йотта Сочехь массех олимпидан гIишло. ТIаьхьо, ша гезваха волийча, ведира Билалов Оьрсийчуьра.

Цхьаболчу комментаторшна хетарехь, девнаш Дмитрий Медведев даржах ваккхархьама долийна. Хуучара бахарехь, Iедална герга лаьттина нах бу лецнарш. Уьш юьстах а баьхна, премьер малван, цуьнан гIант галдаккха, кхечу стаге дIадала болийна бу берриг а болх.

Амма Кремло а, цхьацца эксперташа а яц боху фирманашкахь ахкамаш барна а, лецаршна а бухахь политика.

Нагахь санна дерриг а Медведевна дуьхьал долийна делахь, хIун зен хила мега Къилбаседа Кавказна?

Хууш ду, Медведев президент волуш, 2010-чу шарахь, юкъадаьккхира дуьненаюкъарчу хьелашца къийсаяла тору Iаьнан курорташ Къилбаседа Кавказехь яхкар. Iалашо кхочушъеш дукха ца динехь а, инвестицеш мелла а яхка юьйлаелла. Коьртаниг – белхан меттигашца, нахана ахча даккха аьтто барца регион мукъаяккха йиш ю радикализмах.

Нагахь санна Медведев даржера вохавахь, кхидIайолчу ханна Къилбаседа Кавказехь урхалла деккъа ницкъан гIоьнца лелочу кхачор ду. ХIинца а бу коьрта мукъ ницкъхойн карахь, делахь а, наггахь йолий а, юкъайолу экономика. Ткъа хIотта тарло иза юкъараяьлла хьал а.

XS
SM
MD
LG