2007-чу шарера схьа дуьйна кхин хийца а ца луш, Нохчийчоьнан урхалла деш схьавогIу Кадыров Рамзан, хIинца кхозлагIа дакъалоцуш ву мехкан куьйгалхочун харжамашкахь. ТIаьххьара хиллачу харжамашкахь 99 процентал а сов бара официалехь цунна тесна хилла кхаьжнаш. Бозуш боцу тергамчаш республикехь бац, ткъа бакъонашларйархоша шерашкахь тидаме оьцу бертаза кхаьжнаш тийса нах арабохуш хилар. Кхаьжнийн жамIаш хIинцале а хууш доллушехь, ша харжамийн комиссино ларйо тийналла. Муха дIахьо Нохчийчохь харжамаш, хIун дуьйцу цигахь Кадыровн карахь долчу Iедалх лаьцна - къастийра тхан редакцино.
Нохчийчоьнан урхалхочун жигаралла 2021-чу шарахь харжамашна кечам бечу заманчохь хиллачул а хаа а луш, къаьсташ йу. Товбеца-баттахь иза ца хилира министрийн кабинетан цхьана а кхеташонехь, ткъа цо дакъалоцуш хуьлучу барамийн терахь стохкалерачу терахьца дуьстича, лахара го. Политикан хиламашкахь дакъалоцучу меттана цо хIинца бIаьрг туху гIишлош а, некъаш а дечу меттигашкахь, схьадоьллу керла тIеш, иза хуьлу спортан къийсадаларшкахь а.
Хийцайелла гуш йолу агитаци а: 2021-чу шарахь цуьнан портреташ массанхьа а дара, ткъа хIинца харжамашна кечамаш бечу йукъанна уьш кIезиг ду.
Кадыров къайлаваьлла алар а нийса хир дацара, бакъдерг дийцича Къилбаседа Кавказехула долу хьал толлучу аналитико Чемберс ХIарольда тидам барехь, Кадыров нахана йукъа волу, амма бахаман повестке вирзина хаало иза.
"Регион кхиош волчу цхьана бакъволчу губернаторан хатI гайта хьийза иза, ма-дарра аьлча, шен политикан проект кхиош воллушехь. Дерриг а дика ду, нах а баха ма-безза хан йаккха дезаш бу аьлла, дIагайта хьийза иза", - бохура Чемберса. И сурт нохчашна хIиттош дац, президентана Путин Владимирна хIиттош ду аьлла, билгалдоккхуш.
Харжамийн жамI хууш хиларна, агитаци лело цаторийла йац аьлла, дузу политолого Айсин Руслана Кадыровн жигаралла лахйалар.
"Нохчийчохь, Оьрсийчоьнан дуккхаъчу кхечу субъекташкахь а санна, жамI хууш ду, терахьаш дIайаздина ду шайна оьшу. МаьIна бIе проценте лакхадаккха гIертар бу уьш, "Цхьааллин Оьрсийчоьнна" пайден долчу агIор", - аьлла хета къамелдечунна.
Тоххарлерачу харжамашкахь Кадыровн лелар кхечу кепара дара, Путинна тIаьххье жигара агитаци йора цо Iедалан партина, дуьйцу Айсина. Ткъа хIинца, цунна хетарехь, йоккха кампани дIайахьа ца лиъна царна, мехкан урхалхочуьнгахь дика хьал ца хиларна а ду и: "ХIокху хьолехь Кадыров кест-кеста гучувахаро къайлахьур дац иза а, цуьнан раж а эгIаза хилар".
Марсхьокху-беттан 11-чохь Нохчийчоьнан харжамийн комиссино йерзийра харжамашкахь дакъалаца хьалхатеттина кандидаташна регистраци йар.
Кадыров воцург а, бюллетенехь бтлгалваьккхина ву КПРФ-н декъан секретарь Накаев Халид а, республикера Йукъараллин палатин куьйгалхо, "Нийсаллин Оьрсийчоь" партин цIарах волу Денильханов Исмаил а. Регионан куьйгалле ван Iалашонца шен кандидатура хIинца шолгIа хьалхатеттина Накаевс: 2021-чу шарахь тIаьххьара меттиг баьккхира цо, 0,12% кхаьжнаш а кхочуш.
"Кадыровн жигара кампани ца хилар цхьаьна догIу, формалехь "Цхьааллин Оьрсийчоь" партина оппозицихь йолчу кхечу партийн ледара хьийзарца. Эххар а дерриг а йукъарчу дӀахьедаршка кхачадо. Партийн кандидаташа шайггара беш болх бац, хIунда аьлча, Кадыровн администрацин тIедахкаршца лелаш хиларна", - бохура Айсина.
Чемберсна хетарехь, Нохчийчохь конкуренцин сурт латторан практика кхоллайелира тоххарчу "оьрсийн муьрехь", хӀетахь иза оьшура мел кӀезга а формалан легитималла хилийта. ХӀинца и функци дӀайаьлла, ткъа Кадыровс ларйо иза, Москвахь и ламаст тахана а лардан дезаш хиларна.
"Оцу ритуалехь дакъалацаро билгало йуьту, Кадыров вуьззина Ӏуналла дан йиш йоцуш цахиларан а, Путинан Оьрсийчоьнан конструкцина йукъа интеграци йина хиларан а", - бохуш, кхетадо аналитико.
Кадыровн нахана йукъа вийлар лахделлачу йукъанна, цуьнан берашна марсхьокху-баттахь масех керла совгIаташ а, цIераш а йелира. Бутт болалуш 20 шо долчу Кадыров Ахьмадна,вице-премьерна, спортан министрна республикехь лаккхара цIе йелира "Нохчийчоьнан турпалхо" аьлла. Бохура, цо "цхьацца гIуллакхаш дина", спорт а кхиийна, билггал хIара-важа аьлла, оцу гIуллакхийн цIераш а ца йохуш,
Цул тIаьхьа масех де даьлча Ахьмадах а, цуьнан жимахволчу веших Адамах а "Куьрчала кIоштан сийлахь бахархой" бира. Царна тIаьххье 23 шо долу Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоIана ХутIматна мидал йелира "Кадыров Ахьмадан Иэсан"- берийн реабилитацин центр схьайелларна. И центр йоьзна йу КадыровгIеран доьзалца.
Марсхьокху-бутт бовш Кадыров Адамна мидал йелира ша пачхьалкх йу аьлла дIакхайкхийначу Абхазин тIеман министраллин цIарах "ТIеман йукъарло лелорна" аьлла. Ткъа гезгамашин-беттан 6-чохь къаьстира, Кадыров Ахьмадна кхин а цхьаъ совгIат дина хиларх- "Даймахкана хьалха гIуллакх дар" II-чу бараман мидал. Стенна йелла и мидал а, билгалдаьккхина дац.
Айсина бахарехь, тIаьхьий-хьалхий и совгIаташ даларца гуш кхин керла хIума дац, даим а хуьлуш дерг ду иза.
"КадыровгIеран Адаман а, Ахьмадан а политикехь йозалла оцу гIулчашца эвсарйаккха сацам бина хир бу", - бохура политолго. – Шаьш Iаьмминчу агIор дIахьош шайн болх бу. Ламаст дуьтийла ма йац йукъ-наккъара".
Айсина бахарехь, оцу кепара совгIаташ маьIне хиларх, пайде хиларх кхин республикехь хеттарш деш стаг а ма вац: "И хаттар деллачун-корта тIера тосур бу".
Тхан редакцица къамел динчеран ойла цхьаъ йара, хинболчу харжамаша а, Кадыровн берашна совгIаташ даро а керла политикан бакъдерг кхуллур дац, дIахIоьттинчу системехь дIа лелаш бу уьш.
Чемберсана хетарехь, Нохчийчоьнан урхалхочун керла хан а цо хIинццалц лелийнарг лелош чекхйер йу: Iедалан мукъ карабала шен бераш кечдеш ву Кадыров, доьзалан политикан а, финансийн а позицеш чIагIйеш, шеца йуьхьнаца дуьйна хилла накъостий дIа а тоьтттуш, церан шен кIенташна когаш тийса таро ца хилийта.
Амма, делахь а, Айсинна хетарехь, Кадыровн Iедалан системин хийцайала дезар ду, и процессаш цкъачунна арахьара терго йечу нахана гуш йацахь а.
"Персоналистийн модел йух-йуха а латтайойла дац, - иза йеккъа Iаткъамбарца а, авторитетца а, Кадыровн Путинца йолу йукъаметтигашца а лаьтташ йу цкъачунна, амма цу кхуьй а аспектех эрози кхета тарлуш ду", - бохура политолого.
Иза тешна ву, нагахь санна эххара а Iедал цуьнан цхьахволчу кIанте, йа шинга а кхачахь, хьалха санна и система латтайойла хир дац аьлла. Оцу йукъанна, боху, Айсина, Москва дIоггара кхин цкъачунна кхеташ йац, "Кремлан стратегийн" терго тIамна тIехь лаьтташ йолчу заманчохь Нохчийчуьра Iедал дIа муха лур ду.
ХӀетте а, тӀейогӀучу хенахь Кадыров Рамзанан Ӏедал тӀаьхь-тӀаьхьа Оьрсийчоьнан йукъарчу урхаллин моделе доьрзур ду, ткъа карарчу хенахь Ӏедалехь болчийн Ӏаткъам лахлур бу куьйгалхо дӀаваьллачул тӀаьхьа, аьлла дерзийра цо шен къамел.
- Нохчийчоьнан урхалхочун харжамашкахь дакъалоцур ду Кадыров Рамзана. Оцу йукъанна, цо бохура, "ца ваьллачу денна" воьдуш ву ша харжамашка. Иза дIавала тарлуш ду, цуьнан могушалла телхина йогIу бохуш, хабарш гонаха дуьйцучу йукъанна Кремло йуха а хьалхатоьтту иза. Ткъа шо гергга хан йаьллачу заманчохь Москва кийча стенна йац Нохчийчохь хийцамаш бан, кхерам а боцуш, Iедалан мукъ кхечуьнга дIабала аьтто а буй-те, къастийра тхан редакцино.
- Краснодаран махкахь ворхI дийнахь кхаьжнаш тосур бу Пачхьалкхан думе боьлхучу кандидаташна. И формат зийна Конституци тIехь тIетохарш дарх "гуьриг тIехь кхажтасар" дIахьочу заманчохь, и шардина дIалецначу дозанаш тIехь а, дозанашкарчу регионашкахь а. ТIеман хенахь харжамхойн кхерамзалла ларйеш ду шаьш аьлла, кхетийра цунах. Амма оцу сацаман критикаш тешна бу, фальсификацеш лелорхьама долийна хIума ду бохуш. Тхан редакцино теллира, Оьрсийчоьнан къилбехь электоралан леррина операцина кечам бар муха дIахьош ду.
- 2024-чу шарахь президентан харжамаш дIахьочу хенахь Нохчийчоьно дIакхайкхийра 98,99% кхаьжнаш тесна Путин Владимирна аьлла. Эксперташа дIахьедира гуш лаьтташехь харцо йу лелийнарг аьлла. Тхан редакцино дийцира, мехкан бахархоша 2000-чу шарахь кхаьжнаш тийсарх а, кхаьжнашца харцо лелор билггал Срьлжа-ГIалара кхаьчна ду-те Оьрсийчу.