ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Критика сацорна делла ахча? Блогер Абдурахманов вийча санна кеп хIоттор


Халитов Хьасан, Янгулбаев ИбрахIим, Абдурахманов Тумсо, коллаж
Халитов Хьасан, Янгулбаев ИбрахIим, Абдурахманов Тумсо, коллаж

Кадыров Рамзанан нахера даккхий ахчанаш схьаэцарехь 1ADAТ оппозицин боламо бехк биллина шина блогерна Абдурахманов Тумсона а, Халитов Хьасанна а. 1ADATО дийцарехь, ахча Кадыровн критикашна "тIелатар" кечдиначаьргара схьаэцна ду. Цул тIаьхьа Абдурахмановс хиллачух шен агIо йовзуьйтуш, ша и киллераш лебеш, кеп хIиттош видео йаьккхина олу.

Тамашена къайлавалар

Туркойчу мухIажар ваьлла дIавахана Iашволу блогер Халитов Хьасан гIадужу-беттан 4-хь дуьйна цхьаьнцца уьйр йоцуш, дIавайнера - Нохчийчоьнан куьйгалхо винчу денал хьалхарчу дийнахь. Дукха сиха цунна цхьаъ хилла аьлла, хаам баьржира. Критик реанимацехь ву бохуш дийцира. Амма жигархочун гонерчу накъосташа и бакъ дац аьлла хаам бира. Иза ша вистхиллалц, хIумма ца дийцар доьхуш.

"Хьасан вийна бохуш къамелаш ду деш. Тхуначул хьалха и цхьанна хуур дац. Ала дезачу хенахь оха тхаьш иза бакъ хилар, цахилар дуьйцур ду. Шайна цахуурш ма дийцахьара аша. Цу хаамца посташ йиначара уьш дIайахахьара!"- йаздира Халитовн телеграм-каналан авторша. ТIаьхьо дукхах йолчу социалан машанашкарчу нохчийн аккаунташкара иза верах болу хаам дIабаьккхира.

И хилале цхьа шо хьалха бакъоларйархоша йалх стаг дIалецира. Царех цхьаъ, хьалхо аьлла ма-хиллара, 300 эзар долларх Халитов вен кечам беш хилла. И хиллачул тIаьхьа нохчийн блогерна Iедалан Iуналла делира.

2022-чу шарахь, лахьан-беттан чакхенгахь Абдурахманов Тумсо вийна хила тарло аьлла дийца долийра машанашкахь. Иза ша вист ца хуьлуш, дIавайра. ГIуран-беттан 5-хь 1ADAT телеграм-каналехь, хаам схьабаьлла хьоста билгал ца доккхуш, мичахь, муха хилла ца дуьйцуш, блогер баккъал кхелхина аьлла, дIахьедира. Цу хаамах терра хаам бира къобалйанзачу Ичкерин президентан кIанта Масхадов Анзора а. Диаспорерчу наха цу хаамна тайп-тайпана реакцеш йира - дуккхахболчу жигархоша, иза бакъдолчух тера дац, дIахьедарш дан сих ца луш, билггалдерг хаалц собаре хила бехира.

Абдурахманов вийна хила мега бохуш дийцира ЧГТРК "Грозный" гIирсан куйгалхочо Ахмадов Чингиза. Блогер "дIаваккхарна" Нохчийн республика Ичкерин аренца долчу Iедалан куьйгалхо Закаев Ахьмад бехкевира цо. Iедалан куьйгалхо Закаев шена тIера бехк дIатоттуш, вистхилира. Блогер дийна ву, Швеци пачхьалкхан Iуналлехь ву аьлла тIе а тухуш. Швецин полицино цу хаамах хIумма ца элира. Ша Абдурахманов цул тIаьхьа кхо бутт баьлча, гучувелира.

Дагадоуьйту, 2020-чу шеран гIуран-баттахь Швецерчу шен хIусамехь тIелатар дира Абдурахмановна. Блогерна коьртах жIов туьйхира. Амма иза кхиира тIелатархочуьнгара и схьайаккха а, полици кхайкха а. ТIаьхьо киллеро Мамаев Руслана ша блогерна тIехь тидам бан ваийтина вара, амма цул тIаьхьа "Соьлжа-ГIаларчу" наха 50 эзар евро лур ду аьлча, ша иза вен реза хилира бехира. Прокуроро кхелехь дIахьедира, "ларш Соьлжа-ГIалара" йу аьлла. Цу гIуллакхна кхел 2021-чу шеран дечкен-баттахь кхайкхира. Мамаевна чохь йаккха итт шо хан туьйхира. Цуьнан гIоьнчина Шапиаева Эльмирина – бархI.

ГIарваьлла оппозицин блогер дIаваккха лаар дуьххьара хилла дацара, цундела цуьнан къайлавалар нохчийн диаспорехь жигара дийцаре дира.

1ADAT-н дийцар

ДIадаханчу шеран гIуран-баттахь Тумсо къайлаваларах дуьххьарлера хаам хилча, 1ADAT боламца зIене волу цхьа Албогачиев Башир. Цо шена гIо оьшу элира бохуш, дуьйцу оппозицерчу боламан куьйгалхочо Янгулбаев ИбрахIима. Цо бахарехь, вукхо ша Тумсона, Нохчийчуьрчу Iедална йуккъе лелаш ву, шега нохчийн Iедалхоша Абдурахманов а, Халитов а вен аьлла болх кховдийна, амма Кадыров цо бахийтинчарех ца тешна. Шен дуьхьалончаш кхелхина хиларан тоьшаллаш доьхуш ву – и тоьшаллаш шайна хиллалц, пхи киллер къайлахчу набахтехь латтор ву аьлла, бохуш дийцина 1ADAT-е Албогачиевс.

Цо дехарш дира Тумсо валарх пост йахьара, шайга и болх беллачарна тоьшалла хир дара цунах, бохуш

"Башира йаздора, телефон йеттара, шен вежарий кIелхьара бахар доьхуш. Оха цунна, цу хьолера аравала хIун дича бакъахьа хир ду, дуьйцуш, масех некъ хьийхира. Тумсо баккъал велла алий хаам бахьара аша бехира цо, шайн нах вукхо дIахоьцур бара бохуш. Оха тхайн каналехь пост ма йиннехь, Башира дийцарехь, дIалийцинарш маьршабехира. Тхо цунах тийшира, Оьрсийчуьра ара маца довлу шу бохуш, хиттира цуьнга, кхерамазаллин меттига а лехна, шайца хилларг Iорадаккхархьама", – дуьйцу нохчийн жигархочо.

Кадыровхошкара ахчане хьоьжуш бу болх бинарш, йуха и ахча "дIабаьхначу" блогершца декъа дагахь бу аьлла, дийцира Албогачиевс. Тумсо "къайлаваларна" цунна 800 эзар доллар делира, кхин а 300 эзар лазартнера видео йаккхарна. Ахча криптовалютица делла дара.

Абдурахмановца а, цуьнан вешица Мухьаммадца зIене вала хьаьжира Янгулбаев, амма цара телефонаш схьа ца ийцира.

"Цу Башира чIогIа баркаллаш бехира тхуна. Оха бинчу хаамо шен нах паргIатбахарехь гIо динийла хууш вара. Тхан боламна 50 эзар доллар кховдийра цара. Оха тхайна ахча ца оьшу элира, амма Башира йух-йуха дехарш дира, схьаэца бохуш. Тхуна и хилларг нахала даккха лаьара. И нах Нохчийчуьра арабовла хьебелира, тIаккха тхо шекдевлира, кадыровхойн ловзарш уьш хиларх", – боху ИбрахIима.

Йуха цу йукъалелачо Янгулбаевга дийцира, Кадыровн уллорчу накъосто пачхьалкхан думин депутато Делимханов Адама цу киллершна бехказбовлар меттана кхин болх баларх – Абдурахманов, Халитов вен меттана цара и кеп хIотторна, 1ADAT-н куьйгалхой дIабаха элира шайга бохуш. ТIаккха хиира тхуна, тхоьца къамел дийриг зуламхо хилла ца Iаш, кадыровхойн векал вуйла, элира Янгулбаевс. Цу кепара, Соьлжа-ГIаларчу наха шайна деллачу "ахчан" цхьа дакъа даларца оппозицерчу жигархойн тебна Iар эцнийла хиира", – тIетуьйхира цо.

Ибрагим Янгулбаев
Ибрагим Янгулбаев

"Тумсоца, Хьасанаца цара генара къамелаш дина, тхуна шайн къамелаш гайтира цара. Баширна тхо ган лиира. Тхан ахчанца бала цахиларна лиъна хир дара цунна и. Кадыровхой тхо лачкъдан дагахь хиллера. Украинехь цхьаьнакхетар диллира цо. Тхуна и кхераме хийтира, оха Литва дахка реза ду элира. Тхо кхеттера, иза хьенан стаг ву, цундела и Евробертан Iедалхошна дIавала лерина дара тхо. Цул тIаьхьа йукъаметтиг лелориг вайра", – тIетуху Янгулбаев ИбрахIима.

Абдурахманов Тумсон дийцар

1ADAT-о и дерриге дуьйцуш йина йолу 50 минотехь видео арайаьллачул тIаьхьа Абдурахманов Тумсос царна жоп дIайаздира. Цара дийцинчух цхьадерг бакъдора цо. Амма Кадыровна критика ца йарна ша ахча схьаэцна бохург бакъ дац элира.

Абдурахманов Тумсо
Абдурахманов Тумсо

Блогеро дийцира шеца зIене ваьллачу йуккъелелачух. Цо шега Нохчийчуьрчу Iедалхошкара хьо дIаваккха "чIогIа боккха болх кховдийна" аьлла шайга, бохура. Абдурахмановс дийцарехь, иза вен бахка безарш "цхьа гIалгIай" бара. (Албогачиевс Янгулбаевга аьллера ша цIера Наьсарера ву, амма хIинца Австрехь Iаш ву. - Ред. билг.). Хьо оха вуьйш санна видео йаккхий, "Кадыров левеш, хIума дай вай", элира шега боху. Абдурахмановс дийцарехь, и кеп хIоттор дика нисделира. Иза вен аьлларг хиллачух тийшира, цо ша лур бу аьлла мах дIабелира. Цара иза кхуьнца бийкъира.

Кхин а ши кIира даьлча, кадыровхоша "и гIалгIай" дIалийцира. Цара цаьргара керла тоьшаллаш дийхира. ТIаккха и видео йоккхуш гIо динарг йуха а вистхилира Абдурахмановга, хьо моргехь волуш санна кхин цхьа видео йаккхийта вайга аьллера, дуьйцу блогеро. Ткъа Абдурахмановс ша лазартнехь комехь волуш санна видео йаккхийта резахилира боху. Абдурахмановс и видео гойту.

ХIинца дуьненна ма-дарра хуур ду, ас хьо муха левина, Кадыров 

"Кадыров, сайн тIаьххьарчу видеошца карзахвохура аса хьо, хьо волчу агIор "герз кхуьйсуш", амма сан "герз" лаамза ЯнгулбаевгIарна кхетта. Иза дара суна оьшург. Хьоьгара дацахь а, цаьргара сайна оьшург суна хили. ХIинца дерриг дуьненна хуур ду, аса хьо муха левина, Кадыров. Аса шу вовшийн барт муха эгIийна, шайчарна а йуккехь йамартхой лоьхуш. Вовшашлахь вер-ваккхар деш", – цхьа хан йаьлча, шен телеграм-каналехь йаздира Абдурахмановс. Йуха журналист Дудь Юрийга шеца хиллачух интервью дIайазйе элира.

Кавказ.Реалиин корреспонденто Абдурахмановга, Халитовга 1ADAT боламан хаамах дош олуш дистхила элира, амма вукхара жоп ца делира. Кхинйолчу зорбанийн белхалой буьйлира блогерца къамел дан, амма цуьнан цхьа а реакци ца гира царна.

Швецерчу полицин пресс-белхалоша редакцин хаттарна жоп луш, шайна хууш хIумма дац Абдурахманов Тумсо вен кечам барах, иза йухатохарах аьлла, дитира.

Нохчийчуьрчу Iедалхоша а, ша Кадыровс хиллачух цхьа дош ца элира.

Ахча делларг тоьлла?

1ADAT канало Халитов, Абдурахманов "кадыровхошна вохкавелла" бахар цхьа а бух болуш дац, дIахьедира "Мысли Ислама" каналан авторо, нохчийн оппозицин жигархочо Белокиев Ислама.

"Цу гIуллакхехь йукъалелачаьрца уьйр латтор бахьанехь шайна цхьа пайда баларе сатийсар, бахаман дуьхьа лелар долуш санна хетало, амма суна хIинца коьрта дерг и дац. Тумсо а, Хьасан а вайн агIо лаьцна ву. Цара боккха болх бина, Кадыровн оккупантийн рожах лаьцна бакъдерг нахана довзийтарехь. Со тешна ву, тIейогIучу хенахь а цара изза болх бийриг хиларх", – чекхдаьккхира Белокиевс.

Блогершца зIене вийлина Албогачиев Башир гIуран-беттан 1-хь, 3-хь цуьнца а къамеле вала гIиртира. Амма Белокиевс телефонехула иза тергал ца вира. ХIинцца, телефонан номер гича, хии суна сайга и йиттинарг мила хилла, дийцира къамелахочо.

Блогерша вовшaшна "компроматаш" йеш хIоьттина хьал "Кавказан къаьмнийн ассамблейн" куьйгалхочо Кутаев Руслана "цатовш, кегаделла" хIума ду элира.

"И нах цхьана хенахь цхьана гIуллакхехь лелла бу, ткъа хIинца йукъараллин кхеле "схьаделла" кехаташ гойтуш лела. Цу йозанаша дийцарехь, и долийначунна оьшург, цу нахе шайна лаамаш ахчанца бустуш бийцитар дара, базарахь санна цаьрга мах олуьйтуш, къийсаболуьйтуш, и дерриге цхьанхьа дIайаздина, охьадуьллуш. Халитовга ца аьлла, цо йаздинарш Тумсона гойтур ду, вукхуьнга – иштта "къайлах дийцинарш" нахала дохур ду а", – тидаме лоцу къамелахочо.

И гIуллакх долийначунна оьшург дара, цу нахе шайн лаамаш ахчанца бустуш бийцитар 

Кадыров "левина" ша бохуш, Абдурахманов Тумсос дуьйцург бух боцуш хета Кутаевна. Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоккха бюджет йу. Цунна миллион доллар "хIумма йоцург йу", дагадоуьйту Кутаевс.

"ЖамIаш дан воьлча, тоьлларг и дерриг дIадолийнарг хуьлу - цуьнан хIинца хIора блогерна компромат йу, цо уьш эгIийна. Уггаре коьртаниг, йешархошна цаьргахь цатовш мел дерг гучудаьккхина. Цара шерашкахь мел бина информацин болх, ца хилча санна, хIаллакбеш", – тIетуху эксперто.

Нохчийн диаспорин цхьа могIа йукъараллин жигархой хиллачо шеца такхийна дахьарг дукха хиларна, комментарий йан ца лаьа шайна аьлла, IадIийра. "Кадыровга йайта комментареш", – элира къамелахойх цхьамма, шинна видео чохь дуьйцурш Соьлжа-ГIалара даккхий ахчанаш хиларна.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Оьрсийчоьнан дозанал арахьа бехачу критикашна тIелатарш массийтазза дина. Царех цхьаберш йухатоха аьтто баьлла. 2019-чу шеран марсхьокху-баттахь Берлинехь вийра Масхадов Асланан, Басаев Шамилан накъост, нохчо Хангошвили Зеламха. 2017-чу шеран гезгамашан-баттахь Киевехь герз диттина йийра Окуева Амина: цул тIаьхьа масех де даьлча, Киевехь эккхийтира Гуьржийчуьра нохчо Махаури Тимур.

Европерчу нохчийн диаспорехь хуьлучех дуьххьарлера дов дац хIара. 2022-чу шеран лахьан-баттахь Ичкерин агIончаша бекъна хIоттийна ши гулам дIабаьхьира. Хьалхара гулам лахьан-баттахь Францехь вовшахтуьйхира "Толам" боламан хьалханчас Сулейманов Джамбулата. Масхадов Анзорца цхьаьна керла "Единая сила" аьллачу боламан хьалханча хилира иза. Цул тIаьхьа цхьа де даьлча, Бельгехь конференци дIайаьхьира Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочо Закаевс. Цхьаболучара маршонан агIончаш шина декъе бекъабелла бохуш, дIахьедарш дира.

  • 2009-чу шеран дечкен-баттахь Венехь герз диттина, вийра Кадыровн хилла хадархо Исраилов Iумар. 2004-чу шеран чиллин-баттахь Къатарехь эккхийтира Ичкерин президентан декхарш кхочушдеш волу Яндарбиев Зеламха.
  • 2020-чу шеран гIуран-баттахь Германин бакъоларйаран хьукматаша йухатуьйхира Абдурахманов Тумсон ваша Мухьаммад вен дагахь кечдина зулам. Цу шеран мангал-баттахь Мюнхенехь цу гIуллакхехула кхел хилира. ФРГ-н прокуратурин хаамаша дийцарехь – нохчочуьнга Дадакаев Валиде – республикерчу ницкъахоша Абдурахмановн гергара стаг вен аьлла хиллера. Талламо дийцарехь, Дадакаевс и болх киллер хила тарлочу А. Тамерлане кховдийнера. Амма цо и тIелатам кечбеш хиларх Мухьаммаде дийцира.
  • Туркойн махкахь Нохчийчуьрчу Iедалан дуьхьалончаш байъаран масалш масех ду. Байъиначийн могIарехь бу - Эдильсултанов Гаджи, Джанибеков Ислам, 2008-чу шарахь вийна и шиъ, Асаев Iела (Муса) – 2009-чу шарахь, Мусаев Берг-Хьаж, Альтемиров Рустам, Амриев Заурбек – 2011-хь, Унлю Медет – 2013-чу шеран стигалкъекъа-баттахь, Эдильгериев Iабдулвахьид, Исрапилов Руслан – 2016-чу шеран стигалкъекъа-баттахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG