ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Крокус Сити Холлехь" теракт хиллачул тIаьхьа лаьцна нохчи велла Москвара полицихь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчуьра вахархо Успанов Асхьаб лаьцнера Москвахь, хетарехь, "Крокус Сити Холл" концертан хIусамехь теракт йинчул тIаьхьа, масех сахьт даьлча полицин декъехь велла иза. ТIечIагIбазчу хаамашца, цунна тIехь Iазапаш хьегна хила тарло.

"Агентство" гIирсе иза валар бакъдина цуьнан нанас. Цо дийцарехь, лаьцначул тIаьхьа шен хIусамнене телефон тоьхнера цо, "ша цIена ву", шена тIаьхьа дахка ца оьшу аьлла. ТIаьхьо йуха а зIене ваьлла хиллера иза, ша шогалла лелийна полисхошца, тIаьхьадуьйла аьлла.

Ши сахьт даьллачу заманчохь Успановн хIусамнана полици цунна тIаьхьайеъча, ницкъахоша аьлла хилла цуьнга, иза кхелхина. Стенгахь лаьцнера Успанов, муьлхачу декъе иза вигинера, цуьнан нанна хууш дац. Иза тешна йу, "Крокус Сити Холлера" тIелатарца шен кIант воьзна вац аьлла. Нохчийчохь дIавоьллина кIант.

Зазадокху-беттан 29-чохь Успанов валарх лаьцна хаамбира оппозицин 1АДАТ телеграм-канало. Йуьхьанцарчу церан зорбанехь кхин фамили йара – Касуев, ден цIе а кхин йара; тIаьхьо каналана къаьстинера, Успанов – веллачун паспорта тIера фамили хилар, вуьшта цо лелош хиллера Касуев.

Каналан хаамашца, Успанов лаьцна "Крокус Сити Холлехь" теракт йинчу буса. Автобусе хьоьжуш лаьтташ хиллера иза социйлехь, туьтмIаьжгаш йоьхкина нах тIелетачу хенахь. Дуьхьало йина хиллера цо, уьш полисхой буй а ца хууш. Полицин декъехь Успановна ницкъбина, цунах кхалхар а нисделла цуьнан. Иза валаран хьокъехь беш талламаш бу.

Иштта канало зорбане йаьккхира, чIагIдарехь, цуьнан дегIе хьожуш йазйина видео а: цу тIехь цхьана стага боху садукъийна лараш йу цунна тIехь, ткъа полисхой лерина бу, цо ша шена тIе куьйгаш даьхьна аьлла, дIакхайкхон.

Телеграм-каналан информаци тIечIагIйина йац кхечу хьасташкахь, официалехь Успанов валарх а бина хаам бац.

Карладаккхар: "СПАРК-ан" хаамашца, Успанов кхелхина заадокху-беттан 22-чохь, теракт йечу дийнахь.
  • Зазадокху-беттан 22-чохь суьйранна, камуфляжан духарца волчу масех стага автоматаш йиттира Москвана йистехь йолчу концертан зал чохь. Цул тIаьхьа эккхийтар дира, йоккха цIе а йолуш. Оцу бохамехь тIаьххьарчу хаамашца велла 144 стаг, шайлахь кхо бер а долуш. Мел лахара а 551 стаг ву цигахь зенаш хилларг. Официалехь боцчу хаамашца, тIепаза вайна лору шву 95.
  • Терактах бехкзуламан гIуллакх ду айдина. ТIелатар кечдарна а, и кхочушдарна а Оьрсийчохь лаьцна итт стаг. Царлахь ву боху тIелатар дина аьлла лаьцна виъ стаг а, Таджикистанан бахархой; царна тIехь ницкъбина.
  • "Крокус Сити Холлна" тIелатар дарх жоьпалла шайна тIелецира дуьненайукъара "Исламан пачхьалкх" тобано, дуккхаъчу пачхьалкхашкахь терроран лоруш йу и. Кхузахь дуьйцург ду овхIанхойн "Вилаят Хорасан" гара.
  • Подмосковьера "Крокус Сити Холехь" теракт йинчул тIаьхьа тIелетарш долийра мигранташна а, славянхойн куьцехь боцчу Оьрсийчоьнан бахархошна а. Мигранташа латкъамаш до ницкъахоша Iаткъамбарна а, ксенофобина а. МухIажаршна йетта, уьш бехачу хIусамаш чу а лелхаш, Оьрсийчуьра арабоху уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG