ТIекхочийла долу линкаш

Исламан Пачхьалкх шех олучу радикалан тобано (ДАIИШ а олу цунах) шен Iалашоне кхача гIерташ шуьйра пайда оьцу, шаьш а леш, лелхийтарш дан кийча болчу нахах.

Муьлш бу ДАIИШ-ан Iожалхой
Муьлш бу ДАIИШ-ан Iожалхой

Цара тIелатарш до Шеман а, Иракъан, дуьненаюкъарчу коалицин а тIеман ницкъаш дIатарбинчу меттигашна а, кхечу пачхьалкхашкахь цхьацца объекташна а, коьртачу декъанна, маьрша нах а бойуш.

Берриг тIемалой-Iожалхой шина декъе бекъа мегар ду. Царах цхьа дакъа ду Шемара а, Иракъера махкахойх лаьтташ. ШолгIа дакъа ду, лаххара а, 10 пачхьалкхера схьабевллачу нахах лаьтташ.

Терроризмаца къийсам латторан дуьненаюкъарчу центро цу хьокъехь таллам бина 2015-чу шеран Дечкен-баттахь дуьйнна, 2016-чу шеран Лахьан-батте кхаччалц лелхийтарш дина нах муьулш бу къастош.

Цу талламца а догIуш, уггаре а дукха Iожалхой бу Таджикистанера схьабевлла – 27 стаг. Сауди Iаьрбийн Пачхьалкхерчу Iожалхойн терахь ду 17 стаг. Оццул нах бу, шаьш а лелхаш, адамаш дайина Мароккора а.

14 Iожалхо ваьлла Тунисера. Оьрсийчура – 13. Мисаран пачхьалкхара 11-тта Iожалхочо а дина, шаьш а леш, терроран тIелатарш. Палестинан территорешкара схьаваьлла ву 9 Iожалхо.

ГIажарийчуьра а, Китайра а, шайн дахар а ца кхоош, лелхийтарш динчу нехан терахь ду 7 стаг. Эххаре а Узбекистанера 4 стага а дина, шаьш а лелхаш, цу тайпа зуламаш.

XS
SM
MD
LG