ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайх Хьамзатан лорах


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Оьрсийчуьра а, Азербайджанера а хаамийн гIирсаша чIагIдарехь, нохчийн криминалан авторитетан Гастамиров Хьамзатан леларо гIайгIане дожийна Германин Iедал. Цу кепара тIаьхьарчу хенахь цхьамогIа хаамаш зорбане бевлла цу шуьйрачу юкъараллина вевзаш воцучу стеган Малхбузехь болчу боккхачу тIеIаткъамах лаьцна а, цо доладечу Европерчу бахамех лаьцна.

Къаьсттина дукха цунах лаьцна артиклаш араевлла оьрсийн маттахь йолчу Азербайджанерчу sputnik.az сайта тIехь. Цу тIехь дуьйцу вевзаш волчу Шакро цIе йолчу къуьнца цхьаьна Шейх Хьамзатан долахь Белгерчу ювелирийн цIийнан 50 процент акцеш ю бохуш.

Ткъа иштта цхьана хенахь Советан пачхьалкхана юкъайогIуш хиллачу республикашкара орамаш долу массо а ювелираш а цу стеган куьйгакIелахь а бу, цунна ясакх а луш а бу, сайто чIагIдарехь.

Цул совн, оццу хьастано даржадеш ду, Гастамировна долахь Лас-Вегасерчу "Цезарс Палас" казинон 35 процент ю, бохуш. Ткъа цуьнан хьешашна юккъахь ХIолливудан актерfш Ал Пачино а, Роберт Де Ниро а, футболхо Зидан а ву, дийцарехь.

Иза хилла а ца Iа. Гастамировн дахарна дукха йозанаш леринчу сайто чIагIдо, Германерчу Мюнхенера уггаре сонтачех хьешийн цIа Hotel Sofitel Munich Bayerpost дерриге а Шайх Хьамзатан долахь ду, бохуш.

И даккхий Iаламаташ бакъду я дац къасто хала ду. Германехь бехачу цхьамогIа нохчашна юкъахь Гастамировх лаьцна динчу хаттарна билггала жоп далалуш цхьа а ца велира. Шен цIе яккхийта ца лиинчу цхьаьна юкъараллин жигархочо элира, и стаг YouTube-хь а, цхьаццайолчу оьрсийн сайташна тIехь вийцаре веш гина шена, бохуш. Амма Германехь ша вехачу иттех шарахь цуьнан цу махкарчу жигараллах лаьцна шена хIумма ца хезна, бохура цо.

Немцойн Iедалхойн а яц зорбане яккхина Гастамировх лаьцна цхьа а информаци. Германин криминалах йолчу хьукматан прессаица болх баран декъехь Маршо Радиога элира, Iедало лоьхучу нахах лаьцна информаци шайн сайта тIехь ю, аьлла.

Вуьшта кхин хIара ду аьлла адамашна гонахь шаьш талламаш беш бу-бац бохучун хьокъехь хаарш цара даржош дац. Амма Бундескриминаламтан сайта тIехь Гастамировх лаьцна хьахийна хIумма а дац.

Цхьанна а немцойн Iедалхочун интервьюхь я комментарешкахь хьахийна а яц цуьнан цIе. ХIумма а дац цунах лаьцна немцойн хаамийн гIирсашкахь а. Я немцойн маттарчу интернетан сегментехь а.

Цу кепара, цкъачунна, Германехь вехаш а волуш, цигарчу Iедалша шен хьокъехь са а гатдеш, Европехь уггаре тIеIаткъаме а волуш нохчийн къомах криминалан авторитет санна вуьйцучу жимачу стагах йолу информаци ерриге а оьрсийн, азербаджанхойн а сайташкахь ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG