ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кубанехь бIаьхойн сийлаллин хIолламна тIара тохарна бехктакхаман гIуллакх долийна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Краснодаран махкахь бакхтакхаман гIуллакх долийна арме вигинчу шина къона салтичунна дуьхьал, ницизмна реабилитаци ярехула йолчу артиклехула. Цунах лаьцна хаам бо Радио Свобода зорбан гIирсо, Оьрсийчоьнан Талламан комитетана тIе а тевжаш.

Болчу хаамца, Краснодаран махкахь Молькино олучу тIеман декъехь хIинцца арме вигинчу салтичо ницкъаллин латаран приемаш гайтина скульптурина тIехь.

Иштта зулам дина аьлла гIуллакх долийна иза деш видео яьккхинчу кхечу, хетарехь, цIера Дагестанера волчу салтичунна дуьхьала а.

Бехктакхаман гIуллакх долийна "нацизмана реабилитаци" ярна цIе йолчу криминалан кодексан артиклехула. Оцу яртиклан цхьана декъаца а догIуш, 5 шо хан тухуш таIзар дан догIу хталххе барт бинчу тобано "нахана гуш-хезаш Оьрсийчоьнан тIеман сийлаллин симвош сийсазъярна а, Даймехк ларбархойн эсала сийсазъярна а".

  • Инцидент хилла ши де хьалха. Амма цунах лаьцна хаамаш баржийна тахана. Социалан машанашкахь яржийначу видео тIехь гуш ду эскархочун духар доьхначу жимачу стага монументан цхьана фигурана цкъа дуьххьара лерга улле тIара а тоьхна, вукха фигурина садукъош прием а, йина скульптурина мийра тухуш. Операторш буц о лелориг дIаяздеш цуьнан эсарахой-накъостий. Хезаш ду уьш боьлуш.
  • Цкъа дуьххьара хаам бира эскархой жоьпе озор бу аьлла дисциплинаран а, административан а кепара, ткъа иштта "профилактикан къамел дарна юкъаозо мегаш бу Дагестанера а, Нохчийчуьра а баккхий нах аьлла.
  • Кавказский узело дийцарехь (иногант льрра ю и сайт Оьрсийчохь), Молькинохь хIоттийна хIоллам хьажийна бу 2008-чу шарахь оьрсийн-гуьржийн тIом боьдуш Марсхьокху-баттахь Къилба ХIирийчохь вийначу Оьрсийчоьнан спецназхочунна Абдуллин Раушанна

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG