Краснодарехь велла 37 шо долу "криминалан эла" (вор в законе) хилла волу Джангидзе Давид, криминалан гонашкахь Краснодарски Дато санна вевзаш волу. "Прайм Крайм" портала бинчу хаамца, валаран бахьана ду коронавирусан ун кхетар.
Кхушара Товбеца-баттахь (июль) Краснодаран мехкан суьдо кхел йира цунна 8 шаранна чуволла, зуламхойн иерархехь лаккхара меттиг дIалоцуш хиларна. Хан тохарал а сов, Джангиздзена гIуда тоьхнера цхьа миллион сом барамехь.
Оьрсийчоьнан Талламан комитетан меттигерчу талламан урхалло а, прокуратуро бинчу хаамашца, Джангидзе билламза авторитет йолуш вара зуламхойн гонашкахь, берриг а Краснодаран махкахь Iаткъам бан таро йолуш.
Джангидзе вина Ростовн махкарчу Таганрогехь, хаам бо "Прайм Крайм" портала. Духхьара цунна кхел йира, арахь кхо шо даккха, 2002-чу шарахь талор дарна. "криминалан элан" таж тиллира цунна 2013-чу шарахь Мангал-баттахь (июнь).
- Хьалхо зорбан гIирсаша хаам бира, Сочехь валарх лаьцна криминалан элашна юкъахь уггар къеначерах цхьаъ 80 шаре ваьлла Самтредски Луа цIарца вевзаш волу Никурадзе Михаил валарх лаьцна.
- Афинашкахь Гезгмашин-баттахь (сентябрь) криминалан авторитетийн цхьаьнакхетарехь ультиматум кхайкхийра нохчех криминалан авторитет волчу Шалински Ахьмаде (бакъйолу цIе ю цуьнан Домбаев Ахьмад), 150 миллион сом юкъара ахчацо шена дитина аьлла бехке а вина.
- Кхушара ГIадужу-баттахь (октябрь) Дагестанерчу криминалан авторитетана Абдулхаликов Зиявудинна кхел йира 9 шо луьрча хьелашкахь колонехь даккха, зуламхойн иерархехь лаккхара меттиг дIалацарна а, ша "криминалан эла" ларарна а.