ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кубанерчу экс-кхелахочун Новиковн гIуллакх суьде делла. Нохчийчохь шена кхел йар доьху цо


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

2 миллион сом кхаъ дIакховдош дакъалацарна бехкевинчу Сочин Хостинскан кIоштан кхелан экс-суьдхочо Новиков Дмитрийн гIуллакх Ессентукерчу кхелехь луьстур ду. Ставрополерчу шен белхан накъосташа бакъ кхел йарх ца теша суьдхо лаьттинарг, Нохчийчохь шена кхел йар доьху цо.

Ессентукерчу гIалин кхелехь долчу кехаташца а догIуш, лахьан-беттан 8-хь кхаьчна кхеле и гIуллакх. 16 адвокат ву бехкевечунна тIехIоьттина.

Талламан версица, 2021-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Новиков адвокат хилира. Краснодарехь машенаш дIахIитточу майданехь тапчаца стагна чов йина волу хадархо вара цуьнан клиент. Кхелан хьукматашкахь шуьйра зIенаш йу шен аьлла, цуьнан бехктакхаман гIуллакхехула долу хаттар чекхдоккхур ду аьлла хиллера адвокато, боху талламо. 2 миллион сом кхаъ йелча гIуллакхан артикл хийцор йу, тIаккха дина таIзар чуволларца доьзна хир дац, аьлла дош делла хилла цо. Ша дакъалацарна а доьхуш хиллера цо оццул ахча. Кхаъ дIакховдочу юкъанна адвокатан гIоьнча а лаьцна хиллера, тIаккха ша экс-кхелахо 2021-чу шеран мангал-беттан 4-хь лаьцнера Москвахь. Чохь латтош ву иза кхелан сацам хиллалц.

Новиковс шен гIуллакхна латкъам бина йолчу Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхелан аппеляцин кехаташкахь дуьйцу, Новороссийскан Ленинскан кIоште хьажийна хиллера гIуллакх юьхьанца, цигахь дIалаьцнера экс-кхелахо. ТIаккха йоьалгIачу кассацин суьде делира и – Ставрополан мехкан Ессентукерчу кхеле.

"Бехкевеш волчу Новиковс аппеляцин латкъамаш бина, царна тIехь цо доьху… бехктакхаман гIуллакх Нохчийчуьрчу цхьайолчу кхеле листийта бохуш… йа Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхеле хьалхарчу инстанцига санна и гIуллакх таллийта, хIунда аьлча, Ставрополан мехкан кхело бехктакхаман гIуллакх бакъонца луьстург хилар шеконаш йу", - дуьйцу латкъаман материалашкахь.

Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхело тоьшаллаш доцуш лаьрра бехкевечунна дуьхьал озабезамаш бина хилар, цундела рогIера реза ца хилла гIуллакхан территориалан хийцамаш бан.

Новиков Дмитрийна дуьхьал йаьккхинчу артиклан санкциша цхьаъ, ах миллионна тIера кхо миллион соьме кхачалц гIуда кхачайо, йа ворхI шарера шийтта шаре кхачалц чохьйаккха хан, йеллачу йолан 70 бараме кхачалц.

  • 1999-чу шарахь хилира Новиков кхелахо, тIаккха масех шарахь Сочин Хостинскан кIоштан кхелехь болх бира. 2010-чу шарахь бехктакхаман гIуллакх долийча Новиковс масех зевне дIахьедарш дира федералан зорбанашкахула, Краснодаран мехкан а, Сочин а кхелахой курхалла лелорна бехкебеш. Цо дехкина бехкаш бух боцуш хилира таллам биначул тIаьхьа. 2018-чу шеран аьхка Ростовн махкарчу кхело Новиков Дмитрий бехке лерира шен бакъонех тIехсов зенехьа пайдаэцарна, низамехь боцу сацамаш барна, бакъонехула кхел дIайахьарна дуьхьало йарна а, амма иза маьршаваьккхира, хенаш дIайевлла хиларна. Кхелан сацам бахьанехь Новиков отставкехь волчу суьдхочун статусах ваьккхира, цул тIаьхьа адвокат хилира цунах.
  • Дечкен-зазадоккху беттанашкахь "кхаъ эцаран" артиклехула динчу зуламийн терахьашца Оьрсийчоьнан регионашлахь хьалхарчу меттехь бара Краснодаран мохк. Коьртачу прокуратуран хаамашца, хьахийначу хеначохь цигахь 121 ишта зулам дина меттиг гучуйаьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG