Украинехь йоьдучу спецопераци олучух лаьцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо ден дIахьедарш дага ца довлуш зорбане дахар дихкина Оьрсийчоьнан цхьайолчу пачхьалкхан зорбанан гIирсашна, яздо тIеман а, политикан а, пропагандистан а чугIортарх язйинчу аналитикан материалехь "Проект" гIирсо.
Журналистийн хаамашца, президентан пресс-секретарьца Песков Дмитрийца а, Украинаца хиллачу дийцаршкахь Оьрсийчоьнан делегацин хьалханчаца Мединский Владимирца а конфликт хиллачул тIаьхьа федералан зорбанан гIирсашна хьийхира "куьйгалло зийначул тIаьхьа" бен Нохчийчоьнан куьйгалхочун дIахьедарш ца далор. ТАСС агенталлин журналисто дийцина цунах лаьцна къайлах "Проекте".
Ресурсо оцу юкъанна билгалдоккху, Кадыров цхьаъ бен воцург вац пачхьалкхан телеканалаша а, хаамийн гIирсаша а тIаьхьо, куьйгаллин пурбанца бен дешнаш дало йиш йоцург.
Кавказ.Реалиино хьалхо теллира, мел терго йина Кадыровн федералан телехьожийлехь тIом болабелчхьана. Къаьстира, Оьрсийчоь чугIоьртинчу хьалхарчу шина баттахь Нохчийчоьнан урхалхо хьахийра эфирехь масийттазза, цунна леринчу сюжеташа дIалецира кхо минот гергга хан.
- Стигалкъекъа-беттан 3-чохь суьйранна Кадыров Рамзана кхайкхамбира Путин Владимире Украинаца тIеман "шолгIа этап" йолайе аьлла – пачхьалкхан доллу дозанаш тIехь дIа а хьош спецопераци олург. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хетарехь, Оьрсийчоьнан эскаро схьаяккха еза Киев, Харьков, Херсон. Оцу юкъанна ши бутт а бу Херсон Оьрсийчсоьнан эскарша дола ден, Харьковна дуккха а тIейиттира, делахь а хIинца а украинхойн Iедалхошкахь юьсуш ю, ткъа Киевна тIелатар юхадаьккхира Зазадокху-бутт бовш, оцу агIор аьтто ца хиллачул тIаьхьа.