ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КъурIан дагийначу волгоградхочунна кхел Нохчийчохь йийр йу


Наручники
Наручники

Маьждигна уллохь КъурIан дагийначу Волгоградан вахархочун Журавель Никитин кхел Нохчийчохь хир йу. Нагахь цуьнан бехк тIечIагIбахь, 19 шо долу Жеравель шена тоьхна хан йоккхуш, циггахь вуьсур ву. И дIахьедар дира, шинари дийнахь Нохчийчуьра къоман политикин министро Дудаев Ахьмада.

Дудаевс дийцарехь, и гIуллакх Нохчийчу дала дагадеънарш федералан Iедалхой бу. "Кхузахь цунна кхел йийр йу, кхуззахь цо шен хан токхур йу. ХIунда аьлча, Делах тешачийн синхаамашна тIекхевдина иза. Кхузахь, тхо долчохь, цунна низаман гурашкахь шен кхел карор йу",- довзуьйту министран къамел "Коммерсанто".

КъурIан дагоран гIуллакх Нохчийчу дIадала сацам бинера Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра.

Журавель Никита Делах тешачийн синхаамашна тIекхевдина. Цунна кхаа шаре кхаччалц хан тохарна кхерам бу. Оршот-дийнахь Волгоградерчу кхелехь иза дIалецира - товбецан-беттан 20-гIа кхаччалц. ЛадогIаршкахь, билгалдаьккхина ма-хиллара, цо бусулбанашка шена гечдар дийхира, ша динарг "чIогIа вуон хIума" хиларна даредира.

Талламхоша дийцарехь, Журавель Никитас бусалбанийн йеза книга Волгоградерчу маьждигна уллохь йагийна. Украинера лерринчу урхаллийн белхахоша де аьлла дайтина шега иза олуш цуьнан дешнаш ду далош, цу балхана цунна 10 эзар сом делла хилла боху. Цул совнах, Журавель Никитас дийцина боху, ша тIеман гIишлойн видеош йохуш хиларах а. Цу къамелашна дуьхьал Киево аьлла хIумма а далийна дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG