ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КъурIан дагош видео бахьанехь гIуллакх долийна Москвахь. Украинера питана ду аьлла цунах Нохчийчохь


КъурIан, гайтаман сурт
КъурIан, гайтаман сурт

Москван Косино-Ухтинскан кIоштарчу Белое олучу Iомана уллохь КъурIан дагош видео арайаьллачул тIаьхьа бехктакхаман гIуллакх долийна. Кху деношкахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цунах Украинера питана элира.

КъурIан дагорна бехкеверг хIинца а билгалваьккхина вац, йаздо пачхьалкхан ТАСС зорбано. Хьалхо ASTRA телеграм-канало дийцира, Делах тешаш болчу нехан син-хьежамашна сийсазалла йарна тIехула йолчу артиклаца ницкъахоша таллам болийна аьлла. Хьост билгал ца доккхуш, Кадыров Рамзана дIахьедира, и видео цкъа дуьхььара Украине хьажийна хиллера , тIаккха и ша питана ду аьлла цо.

Шена йистехь КъурIан дагийна бохуш болу Белое цIе йолу Iам йиъ километр уллохь бу керла маьждиг хьаладан гIиртина болчу Святое Iомана. Меттигерчу бахархоша протесташ йира цунна дуьхьал цхьана а, эха а баттахь – тIаьххьаре а, Iедало цунна кхин меттиг хаьржира. Хьалхо протестхошна дуьхьал бехктакхъаман гIуллакхаш доладе баьхна волчу Кадыровс и сацам "вуно дика" бу элира.

  • Кху шеран дечкан-баттахь Данера исламна дуьхьала йолчу "Stram Kurs"("Шога курс") партин хьалханча а, "ультра-правый" политикхо а волчу Расмус Полудана кхузза КъорIан дагийра. Иза дагош гойтучу видео тIехь политико элира, бусулбанашна йезаш йолу книга ша "йагоран бехк Нохчийчоьнан хьалханчан" а, Швецехь вехачу UFC -латархочун Чимаев Хьамзатан а бу. Полудана дуьххьара КъорIан дагийча, Чимаевс иза террорхо ву, аьллера
  • Полудана КъурIан дагор Кадыров Рамзана Украинехь болчу тIаманна бехказло санна лерина, дIахIоттийра. Иштта "евроичкерихойн" критикашна дуьхьала а. Цхьаьллиг цхьа бух боцуш, хиллачунна бехке Швецин Iедал дира цо. Iедало "мах белла" дайтина ду иза, аьлла.
  • The Insider-хаамашца аьлча, Полудана йина акци "Russia Today" журналиста, хиллачу стрингера Чанг Фрикан ахчанца гIолоцуш, бакъо йаьккхина, дIайаьхьна. Амма цо даре ца дира. Ша цхьаьннге КъурIан дагаде ца аьлла, ша RT-ца болу болх 2014 шарахь сацийна бу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG