ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КъурIанан агIонаш йагийнарш бойъур бу аьлла кхерамаш тийсина Кадыровс


КъурIан, гайтаман сурт
КъурIан, гайтаман сурт

КъурIанан агIонаш йагийнарш байъа, йа дийна а болуш, йийсаре лаца, аьлла омра дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Шен телеграм-каналехь бира цо и тайпа кхайкхам. Йуьйцуш йерг социалан машанашкахула йаржийна видео йу. Кадыровс шен телеграме а хIоттийра иза.

Видео тIехь гуш ду, цхьанхьа арахь генаш, коьллаш гулйина, царех цIе таса гIерташ цхьа ши стаг. Царна тIевогIу кхоалгIаниг - видео дIайазориг а изза ву - цо масех книга дIакховдайо хевшина Iачаьрга. Цхьа книга - цуьнан мужалте хьаьжча, КъурIан ду аьлла хетало. ЦIарна уллохь вегIарг книган тIера масех агIо схьа а йоккхий, цаьрца цIе латон хьожу. Маьттаза хабарш а дуьйцу цо. Дерриге церан къамелаш украинхойн маттахь хуьлу. Гушволу ши стаг камуфляжан духарца ву. КъурIан дагошволчун пхьуьйшана тIехь украинхойн шеврон го, когах йихкина баьццара баьхчалг а. Видео уллора йаьккхина йу, меттигера билгалонаш гуш йац. Гуш йац божарийн йаххьаш а.

Кадыровс дийцарехь, и КъурIан дагийнарш Украинин тIеман ницкъийн эскархой бу. "Кхечу къаьмнашка а, церан культуре, дине цхьажимма шайн ларам хилар шун пачхьалкхан идеологица догIуш хиллехьара, аша и санна дерг дийр дацара", - аьлла, йаздина куьйгалхочо.

Украинин культуран министраллера хаамийн кхерамзалла а, стратегин коммуникацеш а ларйечу центро шен телеграм-каналехь боху, КъурIан дагош йина видео "фейк" а, "питана" а ду. Иза оьрсийн агIоно, Украинан эскар бусулба пачхьалкхашна хьалха йемалдан, бина болх бу. Кхин а цара боху, къамелахойн акцент украинхойн санна йац, буьйцучу маттехь гIалаташ а хаало.

Украинан агIора тIом бечу Шайх Мансуран цIарахчу батальонан пресс-секретаро Белокиев Ислама видеокхайкхам бина - и социалан машанашкахула йаржийна видео "кечйина" йу, "провокаци" йу, аьлла. И санна дерг даржор, нахала даккхар оьрсийн эскарна оьшуш ду, царна пайдехь ду, боху цо.

  • Кху шеран дечкан-баттахь Данера исламна дуьхьала йолчу "Stram Kurs"("Жесткий курс") партин хьалханча а, "ультра-правый" политикхо а волчу Расмус Полудана кхузза КъурIан дагийра. Иза дагош гойтучу видео тIехь политико элира, бусулбанашна йезаш йолу книга ша "йагоран бехк Нохчийчоьнан хьалханчан" а, Швецехь вехачу UFC -латархочун Чимаев Хьамзатан а бу. Полудана дуьххьара КъурIан дагийча, Чимаевс иза террорхо ву, аьллера.
  • Полудана КъурIан дагор Кадыров Рамзана Украинехь болчу тIаманна бехказло санна лерина, дIахIоттийра. Иштта "евроичкерихойн" критикашна дуьхьала а. Цхьаьллиг цхьа бух боцуш, хиллачунна бехке Швецин Iедал дира цо. Iедало "мах белла" дайтина ду иза, аьлла.
  • The Insider-хаамашца аьлча, Полудана йина акци "Russia Today" журналиста, хиллачу стрингера Чанг Фрикан ахчанца гIолоцуш, бакъо йаьккхина, дIайаьхьна. Амма цо даре ца дира. Ша цхьаьннге КъурIан дагаде ца аьлла, ша RT-ца болу болх 2014 шарахь сацийна бу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG