ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь долу хьал гайтаран куьзга ду Кутаев Руслан лаьцна латтор


Нохчийчоь - Суьде валийна ву Кутаев Руслан.
Нохчийчоь - Суьде валийна ву Кутаев Руслан.

Биъ буттий итт дей чекхдаьлла Къилбаседа Кавказан къаьмнийн Ассамблеин президент Кутаев Руслан меттигерчу Iедало лаьцна латтош волу.

Хьалха а массехазза а дийцина мА хиллара бакъонашларьярхочунна бехке диллинарг ду цуьнгахь наркотикаш караяр. Жимма а, тIехула вевзина а Кутаев вевзачунна беламе хета цуьнга кховдийна бехк. Стенна аьлчи иза, олуш ма-хиллара молуш а, я узуш а вац.

Иза а, цуьнан болх-некъ а, дахаре болу хьажам а бевзаш болчара дика кхетадо и лацаран бакъ бахьна, мА-дарра аьлчи бахьанаш – Iедалдайн аьллар тIера валар, бух белахь а, бацахь а хастамаш цабар, шен дог-ойлане а, дахар тидаре а хьаьжжа, дIаваха гIертар. Цхьаболчу говзанчаша- хьовсархоша кхеторехь цуьнан докъазалла ю, дагахь хIуъу а делахь а, иза хьул а дина Руслан «хIаъ» бахарна тIера цахилар а, цуьнан шен «Со» боху кхетам, нийсо-бакъонах, адамаллех, догдикаллех гIортор а йина, царех къилба а дина бехаш хилар.

Сан цIе йоккхийла доцчу, Кутаев Руслан юххера вевзачара даре дарца, и кхетамаш цо перза лоруш бацахьара и махкахь хьовх Оьрсийчохь а дика вевзаш волу политик- тутмакх, толкхачо «гIаз» а алале, тоххарехь маьрша ваьлла хир вара. Цундела ву иза набахте чохь. ХIуъчара дийцарехь, доцу бахьна а хIоттийна и лацарх баккхийбеш бац низамхой а, и сацаве аьлла омра динарш а. Баккхийбеш бац, цо чохь мел даьккхинчу хIора а дийнахь Кутаев цIе, боцу бехк тIетеIочу стеган санна, дикачу агIор гIарйолуш ю, ткъа Iедалехь берш - нисса бIостанехьа.

Адвокаташа къаро йо хIоразза а цуьнан дов мосазза хIотту гучуюьйлуш лаьтта и лоцуш а, лаьцначул тIаьхьа низамхоша лелийна харцонаша а, низамо магош доцуш, цуьнгахь яллийна гIело а. Чекхбаьллачу беттан 26-чу дийнахь хилла тIаьххьара дов хаттар. Теш санна кхайкхина валийна суьдехь вист хилла мехкан куьйгалхочун администрацин хьаькам Даудов Мохьмад а. Цо динчу къамело суьдхойн сацамна тIеIаткъам бийр бу аьлла ца хета адвокатана Заикин Петарна.

Цигга дийцаршкахь ша муха, маца, стенна, хIун хиллачул тIаьхьа, хьан лаьцна юха а карладаьккхина Кутаев Руслана а.Тидаме эца догIург и ду аьлла хета – лацар бахьна. Оьрсийчуьра биста кхаччалц.бакъонашларьярхоша чIагIдарца Кутаев лаьцна кху шеран чиллана беттан I8 дийнахь, Iедалдайшкара пурба а доцуш цо: »Нохчийн къам дохадар.

И хIун дара,дицдан тарлой иза? цIе йолуш Iилманан конференци дIаяхьар а, къам дохийначу 23-чу дийнахь хIумма а мА леладе аьлла,Iедалехь болчара Iорабаьхначу бехкамашна, кIедо аьлчи, Кутаевс ша реза цахилар дIахаийтар а. Цхьаболчара дийцарехь къаьсттина иза «хIотIа вожийнарг ду», лаккхарчу тIегIанахь болчеран оьгIазалла дебош, шега дIакхайкхича тIе цавахар.

Хьолах кхуьуш болчара чIагIдарца ша лацийта бух Кутаев Руслана Соьлж –ГIалахь дохадар хьокъехь Iилманан конференци дIаяхьале дикка хьалха дуьйна а боьттина. Масала ишта яздина цо Путин Владимирна жоп луш: « Iаламат дукха нохчийн бахархоша президенте арз-леткъамаш бо Нохчийчохь Оьрсийчоьнан низамаш лар ца до бохуш а, я уьш мехкан куьйгалхочуьнан сацам бу бохуш шайн лаамехь туьдуш а. Со ладоьгIуш ву, герггарчу хенахь Инарла прокуратуро а, Талламан комитето а , Оьрсийчоьнан низамаш талхор хьокъехь зераш дIадолор ду аьлла.»

Цхьацца гулам-цхьаьнакхетаршкахь цунах тера къамелаш кIезиг ца дина Кутаев Руслана. Ша бакъ лараре терра иза къарвелла вац, массо агIор тIеIаткъам беш, набахтехь 4 бутт сов хан яьккхича а. Ши бутт гергга хьалха, стигал къекъачу беттан 7 –чу дийнахь шен дов хоттуш суьдехь цо аьлла:» Хала хеташ делахь а Оьрсийчохь, кху тIаьхьарчу хенахь Iедална реза боцу политикаш а.юкъараллин дахаран хIайттархой а бехбеш хIума долийна.

Цу юкъара йолуш яц Нохчийчоь а. Iедалан коьртехь болчерчу хьажам-лаамах тера боцу, цуьнца морзах йолуш дог-ойла ерг кхузахь кхузахь ченала хьекхош бехвеш ву. ….Бакъду, суна тIедоьгIна аьлчи,Iедалан аьлча ца хIоьттина, аьлла чекх ца даьлла, эзарнаш Нохчийчуьра а, арара а бахархойн ца тешна, сох лаьцна долийначу хабарх».

Дукхахболу бахархой дегайовха бу цу къармазаллин тIера ца волуш, шен хьажам-ойланна тIера ца вухуш Кутаев Руслан юьхькIай набахте чуьра аравер ву аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG