ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кхузара гуш ю Кавказ" ("Мцыри")


Гуьржийчоь. Мцхета-гIалин йист. Чилл.18.2016
Гуьржийчоь. Мцхета-гIалин йист. Чилл.18.2016

«Мцыры» уггаре а нохчашна евзаш а, езаш йолу поэма ю Лермонтов Михаилан кхоллараллехь аьлча харц хир дац. Цундела Гуьржийчохь нисвелча, муьлхха а вайн къомах волу стаг соцу цу поэмин турпалхо ваьхначу Кура а, Арагва а ши хи вовшахкхетачу меттехь йолчу килсехь. Кху деношкахь цигахь хилира Султанов Ахьмад. Цо кечйина хIара материал.

Цхьа шераш хьалха дара и

вовшашна, йижарий санна,

Мара а хьерчаш, зевне хиш

Курас, Арагвис иэдечохь

Геннара гуора хьаьрман бохь.

Гlaш вогlучунна хlинца а го

аьттачу ков-кертан беркъа бlo,

Бlаьвнаш, момсаран горга бохь.

Амма ца буьйлу цу тхов кleл

Архье кlур-буьйлуриш елла шел

Хан яллалц хезар яц хlинца

Вай доьхучу мозгlaрийн йир.

Шераша басаваьккхина,

Валаран кхаж ша баьккхина,

Амма вицвина lожалло,

Наха дицдина гlийла буо

Цхьа къоьжа, къена воккхастаг

Хьакхлагlийн хехо ву хlинца.

Цо, йоккхуш чарташ тlера чан,

Хилларш даздечу агарийн lордоху шира йозанаш -

- Оцу пачхьо, ва оццу шарахь, Тlедеъначуо бlарзвинначохь,

Шен къам кховдорах Оьрсийчоьне

Гуьржийчоьнан шира коьрта шахIар ю Мцхета-ГIала. Иза Арагви а, Кура а ши хи вовшехкхетачу меттехь лаьтташ ю. Кавказан тIамера вогIуш Тбилиси веанчу оьрсийн цхьана инарло валийна хилла шеца 5-6 шо долу йийсаре лаьцна кIант. Иза цомгуш а хуьлий, оцу Мцхетана уллехь болчу лома боьххьерачу Джвари олучу килсане дIавелла цо иза.

Оцу кисланех Маршо радиога дийцира меттигерачу вахархочо Шламов Ванос.

Шламов: "И килс йина ю 1568 шарахь. Иза уггаре а ширачарех цхьаъ ю. "Джвари" олу кхунах. Иза "ЖIара" бохург ду. ЧIогIа еза килса ю, амма, иза дукхчарна евза "Мцыри" поэма бахьнехь. Туристашна уггаре дукха езачу меттигех цхьаъ ю хIара. ХIара шира килса хилар сов, поэми тIехь дуьйцучу хIуманех йоьзна ю. Лермонтовс кхайкхина хIара меттиг, цундела иштта гIаръяьлла".​

И кIант цигахь воккха хуьлу. Баккхийчара кечво иза мозгIар хила. Амма цуьнан чам ца лета килсанехь долчу дахарах, шен кечбинчу кхолламах а. Кийра кхехка оцу кIента, малхбалехьа хьоьжу сих-сиха, ша инарлас йийсаре а лаьцна схьавалийначу мехкан агIора. Шен юьрт а, да а нана а догIу цунна гIенахь дуьхьал.

Сина а, дегIан а маршонехьа сатуьйсуш волу иза воду килсанера, амма мел гена дIаэхарх, тиллалой хьоьвзина юхакхочу оцу метте. Иза ша шех цецволу маршо йолчу малхбале дIа ма оьхуш вара олий. Хьунхахь цIокбергица лета иза. Цуьнах чевнаш а хуьлий вужу. Лоьхучу мозгIаршна караво Мцыри синкхетамехь а воцуш Мцхетана гена доцуш.

Килс
Килс

Дарба а дина, меттавалийча а, гIийла хуьлу и кIант. БIаьргаш кхоьлина долуш, ойланашкахь цунна бен ца хуучухула лела иза. Вала кечвелла хуьлу. Iожалла ша а йоьху цо. Цунна тIевалийначу къена мозгIаре цо ден къамел, цхьаболчу литератораша уггаре а коьрта меттиг ю олу поэмехь. Цо гойту маршоне гIертар цхьадолчу къаьмнашна садоьIучу хIаваъелла оьшуш хилар.

Вокха стаг, суна хезна дукхазза

Ахь со валарх кIелхьарваьккхина аьлла

ХIунда? ГIийла а, цхьалха а

Йочано дожийна патар ду со.

Со кхиъна боданехь

Берийн сица, мозгIаран кхолламца.

Ас аьлла дац цхьаннах

дада а, нана а боху дешнаш.

Мцыри дохкох ца ваьлла ша вада гIортарна. Мелхо а, са хьийза цуьнан шен орамаш долчу кхача ца велла аьлла.

Нехан махкахь, со ма Iарра
лийра ву со ялхо а,

буобер санна-, олу цо вала вижначохь.

«Мцыри» поэма Лермонтов Михаила кхоьллина Кавказе вахча. Оцу Мцхета гIалахь цунна вевзина ша лелаш волу цхьа мозгIар. Поэтаца тIекIаре ваьллачо цо дийцина цуьнах. Литературан талламхойн шеко яц поэмехь вуьйцург нохчийн кIант хиларх. Ткъа иза йийсаре лаьцнарг оьрсийн паччахьо Кавказан тIевиллина волу Ермолов ву.

Царах дукхачарна хетарехь оцу кIентан васт гулйина ю. Оцу хенахь дуккха нохчийн бераш далийна хилла кавказерачу тIамера цIабоьрзучу оьрсийн эпсарш. Амма оцу поэмехь иштта вуьйцург хила мега аьлла хета цхьаболчарна, ягийначу нохчийн Дади-юртара йийсаре а лаьцна дIавигина волу нохчийн кIант. Воккха хилча иза дуьненна вевза суртдиллархо Захаров Петр санна.

Килсанера шен цIа ведда волу кIант цIокбергица лета. И момент Лермонтовс гуьржийн туьйранашкара схьаэцна хила там бу аьлла хета цуьнан клолларалла толлучарна. Руставели Шотан поэмехь а ю иштта кийсак. Цигахь турпалхо лета цIоькъалоьмаца.

Поэмехь вала воьжначу кIанта ша килсанехь даьккхина мел долу шераш набахтехь даьккхина лору.Ткъа шен Даймахке кхача гIерташ ведда даьккхина долу 3 де, уггаре а ирсан хан, маршонан къурд хета цунна. Гуш ду, оцу цIокбергица латарх цомгуш хилла воцийла иза.

Ша сатийсинчу Iалашоне- шен цIийца йолчу паргIатоне, маршоне ца кхачаро вожийна иза. ТIаккха а къера ца хуьлу иза шен кхолламан. Ша леш вуйла кхеттачу цо весет до ара а ваккхий ша схьаваьллачу мехкан агIора хьажа йиша йолчу метте вахьвилла олий.

"Мцыри" бохучу дешан массийта маьIан ду гуьржийн маттахь. Гочдарехь- иза мозгIаран гIоьнча, ша а мозгIар хила кечлуш верг бохург ду. Ткъа, кIоргера маьIан, хIинца а схьадийцарехь лелош а ду-кхечанхьара веана, я ша цхьалха, гергара нах а боцучуьнах олу иштта.

Маршонах хьоьгучу мозгIаран тема дуьххьара а яц Лермонтован кхоллараллехь. Жима волчу хенахь 1830 шарахь цо язйина "Хаттам" цIе йолу жима поэма. Иза а ю къоначу мозгIарах лаьцна. Иза вен кхел кхайхкина, цунна йоI езаелла аьлла. Иштта цигахь а ву воккха стаг, цо шен луучу дахарах хьежамаш бийцина волу.

"Хаттаман" тIаьххье поэта кхин цхьа поэма язйина оцу тематикех. "Боярин Орша" цIе ю цуьнан. Цигахь лай волчу кIантана езало шан долахь волчу элан йоI. Цунна а вен хьакъ ву аьлла кхел кхайкха йо. "Мцыри" поэмехь автора гайтина Маршоне а болу безам кхетош-кхиорах хуьлуш боцийла. Иза адамийн цIийца буйла. Ахь мел чIогIа и лаам хIулбича а, мацца а иза гучуболу, поэташна а , яздархошна а масал а хуьлуш.

XS
SM
MD
LG