ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Лаамхой" гулбеш йолчу Нохчийчуьрчу спецназан университето дайначу шарахь 68 млн даьккхина


Гуьмсара оьрсийн спецназан университет (архиева сурт)
Гуьмсара оьрсийн спецназан университет (архиева сурт)

Украинерчу тIаме хьийсорхьама йоццачу хенахь кечамаш дан Нохчийчуьрчу Iедало жигара оьрсий дIакхойкхуш йолчу Гуьмсарчу спецназан Оьрсийн университетан 2021-чу шеран финансийн чоьтан хаамаш девзина. Кадыров Рамзана "эзарнашкахь лаамхой" тIамна кечбина, бохуш дечу дIахьедаршца бIостане догIу чоьто гойтург.

Юридикан бухца дуьстича Оьрсийн спецназан университет коммерцехь йоцу, долчул сов корматалла Iаморан спортан герз кхийсаран "РУС" клуб автономан йолу организци ю, формалехь герз бен ца кхуьйсу цигахь.

Ахча хьежоран 2021-чу шарера чоьтаца а догIуш, коммерцехь йоцучу организацина Iалашонийн хьашташна 54 млн сом кхаьчна, кхин а 8,4 млн сом совдегараллин гIуллакхехь даьккхина ахча а. Минюстан чоьтехь дуьйцу, "РУС" сурсаташ юхкуш, белхаш деш хилла ю, иштта цуьнга кхочура оьрсий коммерцера организацешкара ахчанаш а.

АНО-н (автономан коммерцехь йоцучу организацин) коьрта ахча дохкар – иза урхаллин аппарат латтор ду (53 млн сом – цул а хьалхарчу шарахьчул а шиъ а, ах сов), кхин а 11 млн гергга сом доьхкина керла гIирс оьцуш. Шо чекхдолуш диссина дерриг ахча 7 млн сом дара.

РУС-н цIенна тIедаьлла ахча 8,4 млн сом дара дерриг шарахь, делахь а, 2020-чу шарахь организацино 850 эзар сом шена зен а хуьлуш чекхдаьккхира финансийн шо.

Оьрсийн спецназан университетан кхоллархо хьенехан Алексей Витальевич Чудан ву. Оцу хеначохь цо АО "Республикан урхаллан компанин" коьртачу директоран даржехь а, регинерчу спортан а, юкъараллин а "Практическан герз кхийсаран федераци" организацина а куьйгалла до, иштта ООО "Чаборзан" кхоллархо ву иза. Хьалхо зорбанаша хаам бора, университетан куьйгалхочун цIе ма-ярра йогIуш яра "Альфа" леринчу подразделенин ветеранан, Нохчийчоьнан лерринчу тобанийн белхан хьехархочун цIарца. Чудан Алексейх лаьцна диллина хаамаш кхин каро аьтто ца белира.

  • Гуьмсара спецназан университет карарчу хенахь Оьрсийчоьнан ерриг регионашкара лаамхой шайх олучарна Украинерчу тIаме баха аьтто луш йолчу кхаа меттигех цхьаъ ю. ТIамехь дакъа лацарна царна ахча лур ду олу, вийна меттиг хилахь, доьзална гIо а дийр ду, бахарехь. Хаам бора, хIора кIирнахь университето тIамна 200 гергга "лаамхо" кечвора.
  • И ерриг акцешна ахча латтош ю боху Нохчийчоьнан президент хилла волчу Кадыров Ахьмад кхелхина бутт баьлча цуьнан цIарах кхоьллина йолчу фондах зорбанаша республикан таханалерчу куьйгалхочун Кадыров Рамзанан "альтернативан казна" олу. Дукха хан йоцуш фондо арахецна 2021-чу шарера финансийн чоьташ. Ах исламан дуьненна гIо латтош ю бохучу юкъараллин организацино, цхьана шарахь официалехь цхьа сом а ца доьхкина гIоьналлин акцешна. ТIаьххьарчу беттанашкахь фонд иштта масех коммерцин хьукматийн кхоллархо йолчура дIаьяьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG