ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лачкъийна хилла Тепсуркаев эккхийтарна Делимханов бехкевина нохчийн оппозицино


Адам Делимханов выступает на Всемирном съезде народов Чеченской Республики
Адам Делимханов выступает на Всемирном съезде народов Чеченской Республики

Кадыровхоша лачкъийна хилла Тепсуркаев Салман вийна Оьрсийчоьнан парламентан дептутао Делимханов Адама, дIахьедина оппозицин нохчийн 1АДАТ телеграм-каналан векало Янгулбаев ИбрехIима, информаци шайга кхачийнарг мила ву а ца дуьйцуш. Цо бахарехь, вийна иза Делимханов вехачу Джалка эвларчу тIеман полигонехь.

19 шо долчу Тепсуркаевн бага граната а йоьллина, генара эккхийтина иза, чIагIдо Янгулбаевс. Хьалхо хIара информаци гучуелира 1АДАТ телеграм-каналан агIонехь, оппозицин боламан векало Марсхьокху-беттан 24-чохь цIе яьккхира иза вийначийн – Делимханов Адам а, Нохчийчуьрчу Росгвардин урхаллин хьаькам, цуьнан ваша Шарип а ву аьлла.

Иштта Янгулбаевс юха а хьахийра боламо зорбане яьккхина информаци, вийначул тIаьхьа Тепсуркаевн дакъа доьзале дIаделла, "жIаьла санна дIаволла" коша тIе цIе а ца язъеш аьлла, омра а деш.

Шен дешнаш тIечIагIдеш тоьшаллаш ца далийна Янгулбаев ИбрехIима, ДелимхановгIеран вежарий Тепсуркаев верна бехкехиларх хаамаш бац кхечу хьостанашкахь а. Шена дохкучу бехкашна дуьхьал дош ца аьлла ша Думан депутато а. Оьрсийчоьнан парламентан лахарчу палато а тергамза йитина 1АДАТ боламан информаци. Хаам зорбане боккхучу хенахь реакци яцара Соьлжа-гIалара а.

1АДАТ-а карладаьккхира, Кадыров Рамзана а, Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа а бакъ лерира Тепсуркаевна тIехь Iазапаш лелор аьлла.

  • 2020-чу шеран Гезгамашин-беттан 6-чохь Геленджикехь лачкъийра Тепсуркаев Салман, шаьш МВД-н белхахой ду аьллачу наха. ТIаьхьо гергарчийн аьтто баьллера Тепсуркаевн телефон Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин полкан Соьлжа-ГIаларчу декъа тIехь юйла хаа а.
  • 2021-чу шеран ГIадужу-баттахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бакъдира, Тепсуркаев бакъо йоцуш "нохчийн регистрацин номерш йолчу Toyota Camry машенашкахь нохчийн полицин Iаьржа духар доьхначу кхаа-пхеа стагах лаьттачу тобано" лачкъийна хилар.
  • Марсхьокху-беттан 23-чу дийне кхаччалц зорбанан гIирсаша а, бакъоларъярхоша а хьахавора Тепсуркаев лачкъийначун статусехь. "Iазапашна дуьхьал Командин" юристо Садовская Ольгас дIахьединчул тIаьхьа хийцаделира хьал. Журналистана Гордеева Катерина еллачу интервьюхь цо дIахьедира, Тепсуркаев вийна аьлла, амма кхин совдаьккхина хIуммаъ а ца дийцира. Садовскаян дIахьедаран Кавказ.Реалиино терго йинчул тIаьхьа 1АДАТ боламо тIечIагIдира, Тепсуркаевн вер, иштта кхин цхьана а кепара тоьшаллаш доцуш.
  • Делимханов Адам бехке лору оппозицин политик Непцов Борис а, Кадыров Рамзанна дуьхьал вистхилла нохчийн "Ламанхо" тобанан командир, ФСБ-н подполковник Байсаров Мовлади а верна. Делимханов Интерполехула лехамашка а велира ЯмадаевгIеран вежарий байъарна бехкевина, журналисташна кхерамаш туьйсуш, федералан кхелахочун Янгулбаев Сайдин доьзалан "коьртеш даха" бохуш, цо дина дIахьедарш талла тIедожийнера. Делимханов иштта дика вевзаш ву ММА-н латархочунна Емельяненко Федорна а, Москварчу Мещанскан кIоштан депутатийн Кхеташонан куьйгалхочунна Закускин Александрна а кхерамаш тийсарна а. Стохка аьхка оппозицин политико Яшина Ильяс "Оьрсийчоьнан уггар а кхераме депутат" ву элира Делимханов.
  • Охан-баттахь президенто Путин Владимира Делимханов Адамна Оьрисйчоьнан Турпалхочун седа белира. Бахьана дара Украинехь "спецопераци йоьдучу хенахь къонахалла а, турпалалла а гайтар". Мангал-баттахь Делимхановс кхерамзаллин а, коррупцина дуьхьало латторан а комитетан куьйгалхочун хьалхарчу гIовсан дарж дIалецира.
  • Адамийн бакъонаш хьешарна бехкевина Делимханов Малхбузен санкцийн тептаре ваьккхина ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG