ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лачкъийна вигна меттигера вахархо вер таллар юкъахдаьккхина Нохчийчохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Соьлжа-ГIалара вахархо Умаров Мовсар верах талламбар юкъахдаьккхина Нохчийчуьрчу Талламан комитетан урхалло. "Iазапашна дуьхьалояран Комитето" Кавказ.Реалиига бина и хаам, цуьнан гергарчара тIетевжина. "ТаIзаре хIоттон веза бехке хетарг мила ву ца къастар" бухе диллина талламхочо.

Кавказ.Реалии корреспонденте "Iазапашна дуьхьало яран Комитетан" юристо Янгулбаев Абубакара дийцарехь, гIулакхан материалаш цкъачунна йовза кхаьрга кхачийтина яц талламо.

Стохка Товбеца-беттан 18-чу дийнахь Умаров лачкъийна вигинчул тIаьхьа цуьнан гергарчарна бIостане хаамаш кхачабора полицино.

"Юьхьанца бехира цуьнан доьзале, Мовсар полицехь сецош ву, зуламаш лелийна аьлла хетачу нахана тIедигийтархьама. Вуьйр ву шаьш бохуш, кхерамаш тийсинчул тIаьхьа реза хила дийзира Мовсаран. Цуьнан гергарчаьрга дIа аьлла хиллера ишта ницкъхоша Митаев Хьусайна а, Бисаев Дартас а, Байтуев Мохьмада а, Агамерзоевс а, Адаевс а. Нефтеполкан белхахой бу уьш, цара къамел динера Умаровн гергарчу нахаца", - хаам бина Янгулбаевс.

Делахь а, стохка гурахь, иза веран хьокъехь Соьлжа-ГIалахь бехкзуламан гIуллакх диллича, оцу полисхоша шаьш хьалха аьлларг бакъ ца дира, Умаров лацар а ур-атталла, тIе ца дитира цара, тIетоьхна юристо.

"Iазапашна дуьхьалояран Комитет" лерина ю гIуллакх таллар сацорна арз дан.

  • 2020-чу шарахь Товбеца-беттан 18-чу дийнахь полицино лаьцнера 33 шо долу Соьлжа-ГIалара вахархо Умаров Мовсар. Гергарчара дийцарехь, оппозиционеран-блогеран Абдурахманов Тумсон видео хьажарна бехкевеш лаьцна иза. Амма тIаьхьо хаийтина полисхоша цуьнан цIерачарна, иза шайгахь вац, шайн карара а ваьлла, ведда, аьлла.
  • ТIаьхьо гергарчарна полисхошлахь вевзинера Умаров лачкъийнарг – цара чIагIдарехь, Байтуев Мохьмад ву иза. Хьалхо Байтуев Нохчийчоьнан куьйгалхочун информацин-консультативан урхаллера консультант ларалуш вара документашкахь, ткъа тIахьо хIоттина Кадыровн гIоьнча.
  • Нохчийчуьрчу синбахаман хьукматашкарчу белхахошца къамел деш, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана комментари йира меттигера вахархо Умаров Мовсар вадорна шен гIовс Байтуев Мохьмад бехке ву, бохуш, нохчийн пабликашка баржийначу хаамна. Байтуев шен гонехь ву 20 шера чохь, цкъа а ца хилла нахаца гамо йолуш, цуьнан болх деккъа дIа прессица юкъарло латторрий, ша тIедехкина декхарш кхочушдаррий бен бац, цундела цо лоцийла дац стагга а, дIахьойла дац лерина операцеш, цо цхьа а лаьцна, цхьаьнхьа а вигина вац, аьллера Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG