ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лачкъийначу Арсамиковна гIо доьхуш All Out дуьненайукъарчу боламо петици йаржийна


Арсамиков Идрис
Арсамиков Идрис

ЛГБТК+ адамаш All Out дуьненайукъарчу сайтехь дIахIоттийна петици йу. Москвахь лачкъийна дIавигначу гейх Арсамиков Идрисах дерг довзийта бохуш дина дIахьедар ду иза. Нагахь дийна велахь, сихха иза дIахеца боху жигархоша. Цкъачунна петицина куьг йаздина 8000 адамо.

Арсамиковна боккха кхерам бу аьлла йаздина ду текстехь. Лачкъийна дIавигначух гIуран-беттан 17-хь дуьйна хууш хIумма дац.

All Out дуьненайукъара болам 2012-чу шарахь йукъабаьлла бу. ЛГБТК+нахах дерг довзийтар, петицеш йар, дуьненан массо маьIIехь царна гIо дехар йу церан Iалашонаш. Цул совнах, жигархоша царна ахча гулдо, шелтерашна оьшург латтадо, гIелонах бевддачарна гIо до - официалерчу сайтехь аьлла ма-хиллара, Нохчийчуьра и тайпа бу боху нах арабохуш йинчу компанина ахча цара делла.

Хьалхо бакъонашларйархоша дийцира, Арсамиков луьрачу Iуналлехь латтош волчух тера ду бохуш. Амма телефон цунна магийна - иштта кхехьийтира цо кризис-тобанхойн телеграм-чате шен суьрташ а, хаамаш а.

Арсамиков Идрис чиллин-беттан 15, 16 деношна йуккъехь Домодедово аэропортехь дIа а лаьцна, нохчийн полицига дIавелла ву. Цара иза стенга вигна хууш дац. Арсамиков Нидерландехь Iаш вара. Стагаца уьйр лелош гучуваьлла аьлла, Iедалхоша дIалаьцна латтийна, таIзараш дина ведда вахана вара иза цига. Цхьа шо хьалха шен ден тезета веанера. Даймахкарчу Iедалхоша дерриге документаш дIадехира цуьнгара - арахьарчу мехкашкахь лела паспорт, Нидерландехь делла кехат, кхиндолу цуьнан документаш а. Нохчийчуьра Iедало таIзараш дина ву иза.

Арсамиковх хIумма хууш дацара, чиллин-беттан 17-хь ши видео гучуйаьлчхьана. Цу видеошкахь цо дийцира, ша бакъонашларйархошца кхерам тесина, зIене валийтинера, шена церан гIо а ца оьшу бохуш. Цунна гIело йеш хила тарло, цунна сийсазлонаш лелон там бу, боху СК SOS тобанехь болучара.

Чиллин-беттан 20-хь СК SOS кризисан тобано "Команда против пыток" тобанца цхьаьна ООН-не шиъ йаздина дIахьедар до, Арсамиков дIалацарах, къайлаваккхарах дерг дуьйцуш. И дIахьедарш ООН-но Оьрсийчоьнан Iедалхошка хаттарш луш, доьрзур ду аьлла тешна бу бакъонашларйархой.

  • Арсамиков Идрис чиллин-беттан 15, 16 деношна йуккъехь Домодедово аэропортехь дIа а лаьцна, нохчийн полицига дIавелла ву. Стагаца уьйр лелош гучуваьлла аьлла, Iедалхоша дIалаьцна латтийна, таIзараш дина ведда вахана вара иза цига. Цуьнан дахаран, могушаллина боккха кхерам бу боху, бакъонашларйархоша.
  • Чиллин-беттан 23-хь Европан парламентан LGBTI Intergroup-фруман декъахоша Нохчийчоьнан Iедале Арсамиков Идрис дIахеца аьлла кхайкхам бина. Цу кхайкхамехь политикахоша Нохчийчохь Арсамиковна боккха кхерам бу аьлла, билгалдаьккхина ду.
  • Чиллин-беттан 28-хь итт бакъоларйаран цхьанакхетаралло Оьрсийчуьра Iедалхошка Арсамиков Идрис маьршаваккха аьлла кхайкхам бира. ДIахьедарна куьйгаш йаздира Amnesty International, к СК SOS кризисан тобанан, Human Rights Watch, "Команды против пыток" декъалхоша, кхин а йалх коммерцица доцчу цхьаьнакхетаралло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG