Соьлж-ГӀалахь лакхарчу доьшийлашка деша дIахIийтта баьхкина кегийрхой тIеман комендатуре дIахьийсабо. И хаамбина оппозицин нохчийн NIYSO боламо. Кхечу хьостанашкара и информаци тӀечӀагӀъйеш йац, ткъа меттигерчу Ӏедалша комментари ца йо жигархоша бинчу хаамах лаьцна.
Боламо дийцарехь, 19 шераш долу деша даьхкина бераш доьшийлашкара дIадуьгу, ткъа церан дайшна-наношна хилларг хилла даьллачул тIаьхьа бен хууш дац.
NIYSO чIагIдо, тIаьххьарчу кIиранашкахь и тайпа хIума масанхьа а даьржина ду бохуш. Йахначу гурахь Нохчийчуьра Лакхарчу кхело "экстремистийн йукъаралла" йу аьлла, дIакхайкхийра NIYSO.
2026 шеран гIуран-баттахь дуьйна Оьрсийчохь эскаре дӀаоьцуш бу нах дийнна шарахь. Ткъа салтичун декхар кхочушдан кегийрхой шарахь шозза тIегулбеш бу тоххара а санна: охан-беттан 1-чу дийнера товбеца-беттан 15-чу дийне кхаччалц, гIадужу-беттан 1-чу дийнера дечкен-беттан 31-чу дийне кхаччалц а.
Оьрсийчоьнан тIеман министралло дIахьедира, низамо магош дац Украинана дуьхьал тIом бан салтий хьежор аьлла. Делахь а бакъонашларъярхоша чIагIдора, официалехь тIеман дакъошка хьежийначу агитаторша Iеха а беш, тIаме баха контракташна куьйгаш йаздойтуш хиллера салташка бохуш. Нагахь санна шайн лаамехь цига баха луурш ца карийча, тIаккха Iаткъам бора, кхерамаш туьйсура, тIехь гIело хьоьгуьйтура.
Хьалха дуьйна а дуьйцуш дара бакъонашларйархоша а, жигархоша а Нохчийчохь бертаза тIаме хьийсош хиларх лаьцна. 2025-чу шеран йуьххьехь тхан редакцино йаздира Нохчийчохь а, Дагестанехь а тIекхайкха хан йолу кегийрхой лоьцуш хиларх. Лецначийн кара кехаташ лора тIеман комендатуре тIекхойкхуш, царлахь нислора тIаме баха низамехь бакъо йоцу студенташ а.
- Мангал-бутт болалуш нохчийн NIYSO боламо дIахьедира Украинана дуьхьал тIом бан республикера 80 вахархо вахийтарх лаьцна, уьш бара хьлхо ницкъаллин структурийн белхахоша лечкъийна бигина хилла бахархой.
- Украинаца бечу тIамехь Нохчичуьра «лаамхой» - мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана пиар йечех уггар а коьрта дакъа ду. Йуьхьанца дIахьедора цо, меттигера бахархой кийча буш шайн лаамехь тIамехь дакъалаца бохуш, цул тIаьхьа тIеийзабора Iедална гергахь "бехкалабахна" ницкъахой а, Кадыровна луьйш болчий гергарнаш а. Тхан редакцино тидамехь латтийра, оцу хаттарехула Нохчийчоьнан куьйгалхочун риторика муха хийцалора.