ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лакхарчу кхелехь шен гIуллакх къовса ницкъ ца кхаьчна нохчийн криминалан авторитетан


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

"Иерархехь лаккхарчу хьолехь лелла ву" аьллачу статьяца жоьпе озийна вара Нохчийчуьра криминалан авторитет Салтаханов Бай-Iела. Шен гIуллакх хьокъехь кхело бинчу сацамна реза вац иза. ГIуллакх кхеле йухадерзор доьхуш цо дина дехар, ца магош, дитна. Кхело сацам зазадоккху-беттан йуьххьехь бинера. Амма суьдан сайтехь хIинцца бен гучу ца баьлла.

Салтаханов Бай-Iелин бехке диллинарг - низамехь волу къолахо (Домбаев) Шалинский Ахьмада шен лаамца дIа а хIоттийна, лелла хилар. Криминалан тобанаш йуккъера девнаш къастош, криминалан хьал чIагIдарехь болх беш, шайна йукъара "общак" йузаран Iуналла деш, - зуламаш лелор. Кавказ.Реалиис йаздира, оцу тIехула цунна бархI шо хан тохарх.

Солтахановн адвокаташа шайн арзехь боху - кхуьнан бехк бакъбийриш шайн цIераш ца йовзуьйтуш тоьшаллаш дина бу. И тешаш шаьш чохь бохкучарех бу, Iедалхойн карахь нах бу. Цул совнах, Солтаханов "криминалан лаккхарчу иерархехь лелла ву" аьлла латтош велахь, иза "криминалан къуьнан" статусехь нисло. Амма "положенец" вац иза, - элира адвокато.

Лаккхара кхел цу аргументашна реза ца хилира. Кхело шен сацам йуха ца баьккхира.

  • Хьалха а чохь ваьллина ву Салтаханов: 2006-чу шарахь Нохчийчоьнан лакхарчу кхело 13 шо хан туьйхира цунна. "Бандитизм", 11 -за тобанца тIелатарш дара бехке дехкинарш. Талламхоша дийцарехь, цу тобанан декъехь 18 стаг вара. Царех цхьаберш - Нохчийчоьнан Iедалан белхашкахь лаьттинарш: милицин, "антитеррористический" центран белхалой. Цара 30 сов тIелатарш а, къоланаш а дина аьлла дара. Республикан кIошташкахь. И зуламаш дарца дIалоцучу муьрехь Салтаханов милицехь стажер вара.
  • СМИ - гIирсаша дийцарехь, низамехь къолахо (вор в законе) Шалинский Ахьмад Кадыров Рамзанан гонехь болучаьрца йукъаметтигаш йогIуш хилла хила тарло. Иштта - Европе а, Туркойн-махка а дIабаханчу Кадыровн критикашна тIелатаршкахь дакъа лаьцна хила а.
  • 2020 шеран дечкен-баттахь Салтаханов дIалаьцначул тIаьхьа, хаам хилира - иза лелалуш вац, цунна лоьрийн гIо оьшу, аьлла. Амма и дIахьедар цхьамма тергал ца дира. Цунна госпитализаци ца магийра. Мелхо а - Салтаханов "зона усиленного режима" хIоттийна, витира.
  • Зазадоккху-баттахь Солтахановн хIусамнанас "Уголовный розыск" урхаллин хьаькамо шайна кхерамаш туьйссу аьлла хаам бира. Цо дийцарехь, Салтаханов Бай-Iела, айхьа динчунна даре де, оха кIезга хан тухур йу хьуна, бохуш хьийзош вара. Нагахь хьо реза ца хилахь, оха хьан доьзалехь мел верг дIалоцу, бохуш. Салтахановн хIусамнанас шен цIийнда бехке цахилар бакъ до. Iедало дIалацале, иза балхахь вара, шен бизнес йолон дагахь вара, бохуш дуьйцу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG