ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лаккхарчу кхело сацам бина ца оьшу аьлла цамагийначу килсийн динца боьзна гуламаш экстремизм лара


Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхело сацам бина Делах тешачу нехан динца боьзна гуламаш экстремизм лара оьцуш дац аьлла, махкахь цамагийначу динан вовшахтохараллаш уьш бинехь а. Цунна тIе тидам бахийтина "Свидетели Иеговы в России" сайта.

Лахарчу инстанцешкарчу суьдаша кхочуш бан безачу Лаккхарчу кхелан сацамехь аьлла ду, динан вовшахтохараллаш цамагор дац дин лело маршо хила цамагор, шена юкъахь – цхьана а кхетта, динца доьзнарг лело я Далла гIуллакх дар а долуш.

Оьрсийчуьрчу кхелаша рожехь санна лоьцуш бу, махкахь цамагийначу вовшахтохараллашкара Делах теша нах. Пачхьалкхехь экстремистийн лаьррачу 89 вовшахтохараллах, 26 ю килсаш а, динан тобанаш а, цхьаьнакхетараллаш а.

Оьрсийчохь цамагийначу "Церковь свидетелей Иеговы" юкъаралло ларарца, церан агIончашна дуьхьал долийна 262 бехктакхаман гIуллакх, бехк кховдийна 570 стаге,31 стаг ву цIахь лаьцна латтош, 73 - чувоьллина ву. Цуьнца цхьаьна, Оьрсийчоьнан Iедало масийттазза дIахьединера, килсан юкъаралла йохош а, цамагош а кхелаша сацамаш бар дац и дин лелорна новкъарло яр а иза дехкар аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG