ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Латтана тIехула иккхинчу девнехь ши стаг вийна ГIалгIайчохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIалгIайчуьрчу Сунжа кIоштан Мужече эвлахь иккхина дов дирзина ши стаг вуьйш, герз кхийсарца.

Вийна ший а – 1985 -чу а, 1986-чу а шерашкара – ДалиевгIеран тайпанах ву, хаамбо "Интерфакс" агенталло, шайн хьастана тIетевжина.

Полицина къастарехь, Балаев Юсупна а, цуьнан шина кIантана а, байинчу ДалиевгIарна а юкъахь дов дара латта къуьйсуш. Уьш берриш а вовшийн гергара бу.

"Хьалхо бинчу хаамца, луларчу ДалиевгIра оцу лаьттан декъа тIе латта доьхкинийла хиъна Балаев Юсуп а, цуьнан кIентий а дуьхьало ян гIоьртинера, дов герзашаца къастон буьйлира, оцу кхийсаршкахь ДалиевгIарех волчу цхьаммо герз даьккхинера, Балаев Юсупна тIе а хьажош. И гинчу Юсупан кIанта автомат йиттинера шайн дуьхьалончашна", - далийна агенталло бакъоларъяран органашкарчу шайн хьостан дешнаш.

Цул тIаьхьа оцу меттигера дIабаханера герз диттинарш. Стаг верца доьзна бехктакхаман гIуллакх долийна. Зуламхой лехамашка белла.

ТIаьхьо махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша агенталле хаамбира, конфликтна цхьахволу декъашхо лаьцна аьлла.

КIирандийнан суьйранна Москварчу хенаца 18:00 сахьт даьллачу заманчохь ГIалгIайчуьрчу Талламан комитетан урхаллин сайта тIехь хаам бу хиллачух лаьцна, амма шекоерш лецарх информаци яц.

ГIуран-бутт бовш Нохчийчуьрчу а, ГIалгIайчуьрчу а шина вахархочунна юкъахь герз а даьккхина, летарш хиллера Назранан кIоштарчу федералан некъа тIехь. Бахьана дара некъаца хилла конфликт – микроавтобусчохь воьдучу Нохчийчуьрчу вахархочо ГIалгIайчуьра машенлелорхочунна новкъарло йина бохура, цунна некъ ца буьтуш.

Гезгамашин-баттахь Назранан кIоштарчу ГIази-юьртахь дов даьллера КостовегIеран а, КациевгIеран а тайпанах долчу берийн. Оцу девнна юкъагIоьртинера баккхийнаш. КостоевгIеран доьзалера волчо таллархойн топ йиттинера, чевнаш йира КациевгIеран доьзалера масех стагана. Дарбанан цIийне кхачийра уьш. Цхьахволчун ког дIабаьккхира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG