ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу хьоло меттахъяккхина лулара Либан а


Либан -- Шемарчу хьоло меттахъяккхина лулара Либан а, 05Стиг2012.
Либан -- Шемарчу хьоло меттахъяккхина лулара Либан а, 05Стиг2012.

Шемахь Ιедалний, цунна дуьхьалболчу наханий юкъахь лаьттачу хьоло вовшашца тΙаме йоху луларчу Либанера кеп-кепара тобанаш. Шемарчу Ιедалехьа болу ницкъашший, паргΙатонехьа гΙерта наххий вовшашца ийгΙина, летачу хьолехь беха тахана. Хьолах лаьцна дуьйцу Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин цΙарах Либанехь болх бечу нохчочо Рамзан Мухьмада.


1974-чу шарахь Либанера партеш вовшахлета юьйлаелира. Цигара тIом, мел дукха пачхьалкхаш машар бан гIертарх а, халла 1989-чу шарахь бен ца бирзира. Шо сов хьалха болабелла Шемара гIаттам, Либанехь санна, тΙаме берзарна кхерам бу таханлерчу дийнахь.

ХIунда аьлча, Либанехь санна, Шемарчу Iедалехь а Iедалан дуьхьал а йолу тобанаш вовшахлеташ ю. Стигалкъекъа беттан 12-чохь Либанера Тараблусехь, къилбседехьа йолчу гIалахь, Шемарчу Iедалехь берш а, цуьнан духьал берш а вовшахтийсалуш болу кхо кIира ду.

Юьхьанца цу тийсадаларшкахь, 3 стаг а леш, маситта лазийра. И тасдаларш бусулба тобанашна юкъахь ду. Цхьана агIор, Шемарчу гIаттамхошна гIо а, герз а кхоьхьуьйтурш бу, вукху агΙор Шемарчу Iедалехьа йолу Хьизбулла олу ШиIатан тIемалойн тоба ю.

Шемарчу гΙаттамхошна духьал, Iедална гIо деш Шема-махкахь маситтанхьа Хьизбуллан тIемалой алссам баьржина а бу. Тасадаларш сов дуьйлуш, кхечу гIаланашка кхачна, бохуш дуьйцу Либанехь цхьанакхеттачу къаьмнийн дIахIоттамехь лаккхарчу даржехь балхахь волчу Рамзан Мухьмада.

Маршо Радио: Мухьмад, шун долчохь, Либанехь, хуьлуш долу кегареш, нах вовшахлетар стенца дозу?

Рамзан Мухьмад: «ХIокху чохь хуьлуш дерг, Шамахь болу и бала кхуза кхачо гΙертачара деш ду.

Маршо Радио: ХIинца вовшахлетарш муьлш бу цу чохь?

Рамзан: Тхо долчу агIор, хIора юьрт вошашца къаьстина ма юй. Ах Шемарчу Iедалехьа бу, ах царна духьал бу. Кху чохь Шемин паччахьан агΙор берш а бу, дуьхаьл берш а бу, уьш бу вовшахлеташ. Иза кху беттан 12-чу дийнахь, Шемин дозанехь доладелира.

Маршо Радио: ХIун бахьанехь долийра цара иза?

Рамзан: Цигара бала кхуза а кхачо гΙерта уьш. Дуьххьара иза долалуш, кхузара Суннахой духьал бара, хIунда аьлча, уьш Шемарчу гIаттамхошна гIо дан гIерташ бара.

Суннахойн ши шайх вийра Либанийн эскаро, машенахь чекхволуш, тIе тоьпаш тоьхна. Цигахь доладелла, цара дукха ирча хьал хIоьттийра. Цкъа дуьххьара Тараблус-гIалахь доладелира, юха коьрта гIала Бейруте кхечира и хьал. Суннахоша а, ШиIатхоша а, вовшашна, жуьгташна духьал санна, мостагIий хуьлуш лаьтта.

Маршо Радио: Лечкъийна болу нах схьакарийний?

Рамзан: Дукха хан яц уьш бовдийна. Цхьа кIира хьалха Iелин зерате бахана, ГΙажарера юха богIуш, Шемахь, Хьалаб- гIалахь дIалецна хилла уьш. ХΙинца а карийна бац. Стенгахь бу а ца хаьа, хIун ду а ца хаьа, иштта байна лаьтташ бу-кх уьш.

Маршо Радио: Нах герз детташ вовшах леташ бу?

Рамзан: КIез-мезиг вовшашна тоьпаш тухий, 2-3 вуьйш хIора денна а бохург санна, некъаш дIакъуьйлуш, ярташ дIакъовлуш, чкъургаш ягош нах гIевттина бу. ХIокху чохь хуьлушдерг, дIаьвшечу дашо бохийна мохк бу хIара...

Лакхахьболчара, нах къестабо, «хьанех» дика ваций, «хIокхуьнан» дин дика даций, бохуш, политика а, Дин а, пайхамар а, шадерг а вовшахтоьхна, вовшийн карах бала гIерташ бу-кх. Бершше а бусулбанаш бу вовшийн карах бала гIерташ берш а.

Маршо Радио: ХIун хир ду аьлла хета хьуна тIейогIучу заманахь?

Рамзан: И Дела воцчунна хуур дац кху чохь хиндерг. ХIара бIаьсте чекхъялахь, цхьа боккха тIом ца болуш, Далла хастам а беш Iийр ду-кх вай.

Нах кхерон а, Малхбузера Iедалш ледан а, Къилбседа Либанехь шайн бух а хIоьттина, Шема герз а ,тIемалой дIахьежош ю Ал-къаIида, бохуш, дIахьедарш до Шемарчу Iедалехьа йолу Либанан Хьизбулла олучу ШиIатийн тобано. Мухьмада аьлларг тIечIагIдеш, Шемарчу бахархошна гIо дан гIерташ йолчу Либанера Суннахойн тобанашна духьалъяла кечам беш ю Хьизбулла, бохуш дуьйцу денна а арахоьцуш долчу Iаьрбийн Ал-Сияса- газето.

Стигалкъекъа беттан 29-чу дийнахь, Ал-Сиясо дийцарехь, Шемара герзах йоьттина 12 кирлелабе машенаш Либанерчу Хьизбулла тобанна яхьийтира Шемарчу Iедало. И герзаш Суннахойн бусулбанашна детта хьажийна ду, боху Ал-Сияса газето, хIунда аьлча, и герзаш кегийра а, юккъера а герзаш ду, дукха гена кхуьйсу герзаш дац, ткъа уьш Жуьгтийчоьнна духьал хьажийна хуьлийла дац, Хьисбуллас бахарехь.
XS
SM
MD
LG