ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Молханаш дац, фальсификаци ю ерриг а..."


Пайдаэца магийна хан чекхъяьлла молханаш духку бохуш хIинццалц мохь ихинехь а, тахана сингаттам балхабо юкъараллехь, харц кечдина молханаш чу а кхоьхьуш, шайн могашаллана иэшам бо бохуш.

"Цара дарба а, гIоле а цаяр хIунда хьехадора, кIезиг бац бахархошлахь молханашна тIехь ен фальсификацеш бахьанехь белларш а".

"Аптеке малха эца хьо водахь, гаранти янне а яц хьуна, ахь баккъал а лицензи а йолуш, цIена молха оьцу аьлла".

"Европера дIабахана бехачу тхайн гергарчаьрга молханаш даийта аьлла ас".

Иштта латкъамаш хезабо Маршо Радионе.

Официалан хьосташа бакъ ца дахь а, бозуш боцчу эксперташа чIагIдарехь, хIора шарахь Оьрсийчохь харцтардеш духкучу молханаша 200-300 миллион доллар пайда бохьу.

Полицино а, "Росздравнадзоран" урахалло а къийсам латтошшехь, молханашца фальсификаци лелор лекъаш дац.

Цундела сатуьйсу махкахоша Малхбузен пачхьалкхашкахь бехачу шайн наха къайлах-къулах чукхоьхьучу дарбане.

"Теттина мах а лой, схьаоьцу молханаш, цара я дарба а ца до".

Молханашца харцонаш лелош хиларх тоьшаллаш далийра махкарчу вайн бахархоша Маршо Радиона.

Зулай: "Дера ца йо гIоле, кхзахь тоххара хилла молханаш юй, масала, йовхарийн "Мукалтин", цара дика гIоле йо тахана юкъаяьхначарчул а. Тхан чохь бераш а ду, вукхара кхи гIоле а ца йой, и "Мукалтин" олурш мелайо оха.

Цхьана а керла юкъайохучу молханаша дарба ца до тахана. "Суна гIоле йина" олуш хезна дац суна. Уьш стенах еш ю-м ца хаьа суна, шортта ахча-м доккху царех, амма хуьлуш гIоле-м яц".​

Казбек: "Теттина мах а лой, схьаоьцу молханаш, цара я дарба а ца до. Тоххара корта лазабаьлча, цхьа буьртиг мелча гIоле хуьлура, хIинца 2-3 буьртиг мала безаш хуьлу. Телевизорчохь реклама гойту, логал чоьхьа и молха яьлла а ялале, дарба деш. ТIаккха цунах вайн нах Iехало, лоьрана тIе а ца воьдуш, водий аптеке а воьдий, молханаш схьа оьцу, цхьа да ваххал мах а лой.

Эрна дIакхоьсина ахча ду-кх! ГIоле муххале а ца хуьлура, цхьа кхи цаторриг лазайоккху-кх. Дукха хезна-кх суна, Европера шайн гергара цхьаъ цIа вогIуш хилча, цигара хIара, важа молханаш далаш бохуш, дехарш деш".

"Суна ца хезна Европера молханаш яийтина олуш".

Санет: "Давлени лакхара йолуш "Конкор" яра суна язъйина лоьраша, кхечу пачхьалкхехь деш молха ду-кх и. Цара кIад ца дира суна. Юха вайн кхузахь еш йолу молханаш мала йолаелира со, цара гIоле йо суна. Суна ца хезна Европера молханаш яийтина олуш".

Аптекашкахь юхкучу молханийн хьокъехь шегара талламаш, зераш дина Дуьненаюкъарчу могашаллаIалашъяран юкъаралло а.

Цуьнан говзанчаша чIагIдо, Оьрсийчохь духкучу молханех 80 % цхьана а хIуманна гунахь цахилар.

И бохург ду, молханаш ю бохуш арахоьцу препараташ кирах, демах, юучух тухучу соданах кечъйо бохург.

Оьрсийн телеканалаша дукха дуьйцу цуьнах лаьцна шайн эфирашкахь.

Къайлахчу хьелашкахь, масала, цIенойн бухарчу лармаш чохь фармацевташа молханаш кечдечу заманчохь яьхна видеош ю Ютуюбехь ехкина.

Духка хьолахь оцу бахьанаша а къахкийна цхьаболу дархой аптекашкара. Дан амал цахиларна, ца бевллачу денна оьцу цара аптекашкахь молханаш.

"Брынцаловн команино арахоьцуш хилла хIуманна а пайден доцуш, амма адаман могашаллина зен ден молханаш".

Дуьххьара 2006-чу шарахь шеконашка яьккхина, йийцареян йолийра федералан зорбанашкахь бизнесхочун Брынцалов Владимиран "Ферейн" фармацевтийн компани.

Кхечу пачхьалкхашкахь арахоьцучу дезачу дарбанечу препаратех тар а деш, Брынцаловн команино арахоьцуш хилла хIуманна а пайден доцуш, амма адаман могашаллина зен ден молханаш.

200 тонн бакъо йоцуш кхоьллина молханаш даьхнера цаьргара.

Цхьаццаболчу хаамаша дуьйцура хIетахь, Брынцаловн компанино архецначу молхнаша дуккхаъчарна зенаш дина хиларх а.

ХIетахь Iедало 50 эзар сом гIуда а тоьхна, бовлийтира компанин долахой.

Ткъа, Iамеркан фармагигант лоручу «Глаксосмитклайн» компанино ларамза молханаш хийцинера аьлла, Iедало кхи дIа йолчу ханна болхбар а доьхукуш, 3 миллиард доллар гIуда а, компенсацеш а тIеэгийра. Церан гIалатло бахьанехь велла стаг а воцушшехь.

Иштта дийца даьккхинчуьра, 1995-чу шарахь Гаитин махкахь 89 стаг кхелхира, тIаьхьа билгалдаларца, антифриз олу кочал а детташ, йовхаршна дуьхьал кечдинчу сиропах тало даьлла.

Цул тIаьхьа кхо шо даьлча оццу бахьанашца ХIиндойчохь 30 бер деллера.

"Оьрсийчохь харц молханаш дечунна а, духкучунна а дечу таIзаран барам тIех лахара болу дела".

Дуьненаюкъарчу могашалла ларяран организацино бахарехь, лаьтта тIехь хIора шарахь молханаш тIехь фальсификаци яран бахьанашца леш ву 700 эзар стаг.

Цундела догдохийла а яц, миччахь а контрафактаца къийсам латторехь кхиамаш хиларх, Оьрсийчохь хьал толур ду аьлла.

Оьрсийчохь харц молханаш дечунна а, духкучунна а дечу таIзаран барам тIех лахара болу дела

Маршо Радионо ехха зIе йиттира Нохчийчуьрчу могашалла Iалашъяран министралле а, "Чечздравнадзор" олучу урхалле а. Тхоьца къамел дан лаам ца хилира церан.

Делахь а аьтто хилира тхан Малика цIе йолчу цхьана медицинан белхахочуьнца къамел дан. Цомгашчу шен кIантаца бала хьоьгуш ю Малика, цунна пайден долчу молха-дарбан Оьрсийчохь къоьлла хиларна.

Иштта хабар тасаделира тхан цуьнца.

Малика: "Со цхьаъ хилла ца Iа ишта хало ловш. Дуккха а бу бала хьоьгурш. "Подари жизнь" фонд юй Москохара, Хаматова Чулпана куьйгалла ден, цигахь ву болх беш Николай цIе йолуш цхьа стаг, цо Германера кхоьхьуш ду тхуна молханаш.

25 буьртиг чохь болчух 95 евро доьху, И ца тоьа тхуна баттана а. Вайн цIахь эца дац и молханаш. Дуьне мел ду дIасабахана бехачу тхан гергарчара дуьйцуш хеза суна, "Парацетамол" хIун хила еза алахь, цигахь и мелча оцу минотехь гIоле йо бохуш. Вайн цIахь цхьанан а молхано эффект луш яц. Ерриг фальсификаци ю.

"Инсулин" дуй, вайн цIахь хIуммаъ ца до цо, ткъа Швейцарера деанарг мел дика ду. Лаьттанна , стигланна а юкъахь санна башхалла йолуш хуьлу".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG