ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Леттачу Курганерчу ИК-2 набахтин белхахохунна тIехIоьттина нохчийн омбудсмен


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчохь адамийн бакъонехула векалвинчо Солтаев Мансура бух боцуш ду аьлла №2 йолчу Курганерчу колонин оперативан декъан куьйгалхочун гIовсана дуьхьал даьккхина бехктакхаман гIуллакх. Хьалхо орца доьхуш республикан куьйгалле кхайкхам бинера лаьцначун дас Амаев Хасис.

Ura.ru сайто бинчу хаамца, оперативан декъан куьйгалхочун гIовс дIалецира шен белхан накъостаца леттачул тIаьхьа. Талламан органаша оцу хаамна официалехь комментарий ца елла – цигахь дIахьединга, белхан бакъонел сов валарна бехктакхаман гIуллакх гIатторах лаьцна.

Амма ши кIира даьлча лаьцначун дас орца дийхира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнгара Кадыров Рамзанера. Цо дIахьедира, цуьнан кIанте оцу колонера дарж кхаьчнера 2022-чу шеран чиллан-баттахь, цул тIаьхьа иза хьукматерчу курхаллин схемашна дуьхьало йан вуьйлира. Амаевс дийцарехь, кIентан куьйгкIеларчо питана а дина, дов иккхинера – бахарехь, куьйгалхочун гIовс къоман бух тIехь аьшнаш а вина, тIаккха дуьххьара тоьхнера цо цунна. Вукхо дуьхьал тоьча, лазийначо охьа а воьжна, ког кагбира.

Арахецначу видео тIехь Солтаев Мансура боху, "гIуллакхехь дуккха а хIиллаш леладо", тIаккха талламо бохург харцдеш итт теш ву, цара боху, куьйгалхочун гIовс бехке вац – Хьамзат, олий цIе йоккху цо цуьнан. Оьрсийчоьнан УПЧ-н аппарат, Талламан комитет а, коьрта прокуратура а оцу гIуллакхна тIеерзон Iалашо ю боху омбудсмена, иштта Курганан махкара адамийн бакъонехула векалвинарг а.

  • Бусулбачу наханна дискриминаци ярна дуьхьал тутмакхаша шайн пхенаш а хедийна, мацалла кхайкхина йолчу Ульяновскан махкара Димитровградерчу колоне кхечира Солтаев Мансур стигалкъекъа-баттахь. ЧГТРК "Грозный" телехьожийло хаам барца, Солтаевс дина жамI иштта ду: "шуьйра юкъараллин резонанс яккха гIерташ, шайн питанашкахь лелийна цара чубоьхкина болу нохчий".
  • Курганан махкарчу Просвет эвлахь Iуьллуш ю ИК-2. Дуьххьара хан тоьхначу тутмакхашна лерина ю иза, шогачу хьолан раж а лелаш. Колонино 1300 стаг чутарво шена. Дайначу шеран марсхьокху-баттахь тIелатар диначул тIаьхьа кхузахь лазийра цхьа белхахо, кхин а цхьанна чевнаш йира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG