ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненна а нохчийн мотт марзбан гIерта Байсултанов Дауд


Belgium - The Chechen linguist, Dr. Daoud Baysultanov, 07Feb2013.
Belgium - The Chechen linguist, Dr. Daoud Baysultanov, 07Feb2013.

Нохчийн мотт бакъонийн бухе кхачорца, филологин кепа нисбарца къоман эсехь виса догΙу Джамалханов Зайнди. Меттан бартакхолларалла тептаршка ерзорна вайн мотт мел беха а яха хьакъ ю Сальмурзаев Мохьмадан цΙе. Дешан мукъам товш бекорна сий до вай шина а МамакаевгΙеран – Мохьмадан а, Ιаьрбин а. Меттан кΙоргалла, цуьнан шоралла гайтарна вайн классикийн хьалхарчу могΙарахь даима а хир ву Айдамиров Абузар. Уьш санна, кхин а бу нохчийн къоман, Дала цуьнан меттан доь ца дайта дуьнентΙе бахкийтина... Царех ву, ша вазвойла хиича, суна ца магийттал оьзда къонах волу Ιилман доктор Байсултанов Дауд а.





Нохчийн мотт кхечу маттанашкахьчул дукха аларш-фразеологизмаш хиларца тоьлу, цара иза Iаламат хаз а бина, боху Байсултанов Дауда. Ткъа хΙун ю фразеологизм, стенца базлуш бу цуьнан мах, цо ша довзуьйтур ду.

Дош долош, ас хоуьйту муха велира иза ша хΙинцале а нохчашна вовшахтоьхна болу вуно мехала мохь гулбечу новкъа.

ГΙиргΙазойчохь депортацин гΙелонаш а лайна, Даьттаха юхабаьхкина доьзалш тоьаш бацара юьртана – тΙех дукха беллера нах Сибрехахь. Цундела урамийн, хΙусамийн яккъаш юкъ а елла, кегий варшаш кхиинера Даьттахахь. Ши шо долу Дауд а, цул мелла а воккха волу цуьнан ваша Дадаш а воьдура оцу дайх дисинчу дакъошка, дитташла.

Декъастанахь хΙора хелиг а дагна синкъераме дуйла ненера а, дегара а хууш волу ши ваша, шайн-шайна хьестархьама, доладаха воьллера дитташ а, бецаш а. Ткъа хьох церан хΙун да хуьлу, хьуна церан цΙерш хууш а ца хилча?!

Иштта Ιамийра цара хΙора диттан, бецан, олхазаран цΙерш. Безам, цу шина къона ламанхочун безам ша-кепара, Казахстанера, ГΙиргΙазойчуьра цΙа оьхуш, юхаденлучу нохчийн безам бара. Ткъа безам а ма хуьлий, кхиболу шен битамаш санна, шен цхьа мотт а болуш. ...Нохчий маттахь лела нохчийн безам.

...ДΙало ас дош ма-дарра иза шега Байсултанов Дауде дийцийта.


Оцу бахьанийца, араяла тарлучуьнца дуьстича, кхин а 15-ттех шо ийшира цкъа хилла а йоцу нохчийн фразеологизмийн дуьххьара дошам арахеца. Ткъа ша зорбане даьлларг-м дац БайсултановгIара лехьийначу, вовшахтоьхначу аламийн цхьа дакъа а бен. Шен хене, хьелашка, тароне хьоьжуш, къомана а йовзанза йисина шина вашас хΙоттийначу дошаман юьззина кеп.


Шен ненан мотт хастош хийла стаг волу вайлахь. ХΙун бух бу и хестон, олий, хаттар хΙотталуш хила тарло цхьаволчун оцу хьокъехь. Амма нийса а ву, бакъ а ву нохчийн маттал хаза кхин мотт хир а бац аьлла хеташ вехарг. Ца тешачо кхидΙа а ладогΙа Байсултанов Дауде.


Европехь куьйга пΙелгашца вагарвал а вац нохчех ваьлла Ιилман доктор. Ткъа Нидерландехь и аьтто баьлла Байсултанов Даудан. Кхузарчу шен дахаран шолгΙачу декъавала цунна аьтто белларг дара иза воккха къинхьегамча хилар.


Ιилманна чу а воьлла, чохь къахьоьгучех вац Байсултанов Дауд. 10-11 шо даьлла цо бIеннаш берашна, шайлахь нохчийнаш хилла ца Ιаш, францойнаш а, гΙезалойнаш а долуш, нохчийн мотт хьоьху, дешна девлича царна дипломаш а луш.

Иштта пайда бохьу цо, нохчийн мотт шена лехамашкахь коьрта а болуш, Европерчу меттанийн фразеологизмаш, аларш дустуш довзийтарехь. Цундела гергарлонаш кхобу цуьнца бухарчу Ιилманчаша а.

Нохчийчоь -- поэт Яралиев Юсуп, Ведана
Нохчийчоь -- поэт Яралиев Юсуп, Ведана

Делахь а, нохчийн маттаца болхбечун мах нохчочо къастон догΙу . Цундела ло ас дош ненан меттан хазаллах, дела денна воккха а веш, хесто а ца къадлуш вехачу веданхочуьнга, вайна массарна а евзачу «Дайх ала дош доцуш, даймахкахь каш доцуш, дала ла ма лайла вай кΙентий» байтан дега, поэте Яралиев Юсупе.





Йийцарх пайда бац вежарийн БайсултановгΙеран дошам, иза йохка-эца яьккхина а яцахь аьлла хеташ, кхидΙа иштта къамел дира ас Даудца.


Муьлххачу а пачхьалкхехь стаг филологин Ιилманча велахь, шен балхах тоъал са а кхочуш веха. Амма церан могΙарахь бац, бакъ дерриг аьлча, я нохчийн Ιедалшна, я тарончашна тΙаьхьалестийча а оьшуш боцу нохчийн мотт. Амма ахчан дуьхьа вехаш хилча-м Байсултанов Дауд а хир вара Даудах.


XS
SM
MD
LG