ТIекхочийла долу линкаш

Эльдерханова Зайнап
КIайн Iаж

Ма дукха хуьлуш хилла-кх дуьне дезаран некъаш... Цкъа хьалха бералла хуьлу. Иза де долалуш йогIу Iуьйре ю. Ткъа де – иза дахар ду. Цул тIаьхьа делкъахан йогIу. Цхьайолу Iуьйренаш шелъелла, кхоьлина йогIу, юха делкъехь, беснеш тIехь кIаг хIуттуш, малх белало. Малх – иза ахь хьайн дахаран ирсах дог диллинчу хенахь хьуна тIехьоьжу Делан къинхетам бу.

Юха суьйре йогIу. Къоналла а дIаяьлла, чохь-кертахь дерг дан а лууш, амма ницкъ а ца тоьаш, техкаш шен чу йоьдучу йоккхачу стагах тера ю суьйре. Суьйрено вох ца во, суьйрено гIан-набарна тIевуьгу. Ткъа суьйре дIаяьлча бода богIу.

Къаналла дIаяьлча гуо кхочуш хуьлу. Кхин жималла а ца йогIу, кхин керла Iуьйре а ца йогIу. Чурта тIе диллина тхи доьлху хьуна, хьан меттана.

Хилларг, хIинц-хIинца хьуна тIехбаьлла ловзуш баханчу полланах тарлой, генна долий дIадоьду. Зама, хьан бералла, бевз-бевзина керла чам, бос, хьожа хIинца дагалецамашца хьошалгIа гIерта. Бераллера, ирсечу хенара мIаьргонаша дог делхадо. Аьхка деана догIа, ван а хууш, веанчу хьешах тера хуьлура.

Бешахь кIайн Iаж бара. Наж санна стомма, цхьабосса дIасакховдийначу генашна тIехь, пастан хьожа оьху, Iежаш латадора. Тхан массеран а бара и Iаж. Лулахойн, доттагIийн, гергарчийн. ДогIа догIура, мох а болура.

ТIаккха беша хьодура хьо. Цхьаьннан а куьг тIе ца кхача йишйоцуш, Iожан буьххьера Iежаш сийначу бай тIе охьаэгна карадора. Iежаш даккхий хуьлура, ткъа уггаре а самукъадолург – Iежаш шортта хуьлура.

Туьйранан бешахь санна, хьайна без-безарг схьаоьцуштIеда, сийначу бацалахь лечкъина кегий пастанаш санна долу Iежаш схьаоьций, чухьодура хьо... Ма-йоьдду метта йолура. Бовхачу метта. Кучан пхьош хьокхуш цIандой, мутт лелхаш дуура мерза Iежаш. Хьан дуьне эццахь доладеллера, хьуна кхидIа иза дан а дац моьттура. Цундела иза хьан ирс хиллера.

Аьхке йовха латтахь а, догIанаш-м хIинца а догIу... Беша йоьду хьо, аьлча а, беш лаьттинчу метте. БIарлагIа санна дуьхьал хIуьтту хьуна, наж санна, нуьцкъала Iаж, цунна бухара сийна буц, гуонахара,оха ах-улх кегйина, халла лаьтташ йолу юьйцина керт.

ХIетахь хьунадукхаезара и меттиг, хьо хьелора цигахь. Нанас, тIаьхьа мохь тухий, гIуллакх каракховдо дIаюьгура хьо. ХIинца латта хьайна ма-ттов, хьайн дагалецамийн урамаш цоьстуш...

Хьо кхойкхур яц хIинца... Хьоьга кхойкхун ерг дIаяхана, кIайн Iаж санна, лаьттина меттиг а йоцуш. IиндагIаш малхо дотту хIинца. Еса майда.

Хьан когаш лаьтта йиллинчу бетон тIехь кIадло. БIаьргаш, дагалецамах чекх хьажа гIерташ санна, хьогаме хьоьжу буточу бетоне.

Хьуна хета-кх, дIаяхна хаза хан цунна бухахь йисча санна, бетонца дIашардина хьайн ирс. КIайн Iаж хIинца базарахь бухкуш нисло, ткъа чам цхьанхьа а ца карабо...

Эльдарханова Зайнап

Эльдарханова Зайнап - нохчийн яздархо а, журналист а ю.

Авторш

XS
SM
MD
LG