Яндарбиев Зеламха
***
Можа сискал йилла суна хьалха,
Нана, х1инца ц1а веача со.
Муьста берам билла цуьнца, цхьалхха,
Вайн хесара баккхий сийна хох.
Со-м тишвеллий х1инца, хийцавеллий,
Акха идда аьрха ойланаш-м
Сан Органан йисте хьийза евллий,
Леха цуьнан г1амарашлахь шайн ларш.
Маццаха цкъа, ас, сихвелла, дитнарш,
Синкъерамехь даха 1емаш дог,
Юха дагатуьйсу сунна, гича
Пеша хьалха сискал хьакхош хьо.
Денлой х1утту вайн комаран дитт а,
Дакъаделла, диснарг деккъа г1ад..
Хьакахабехьа, нана, вайна нитташ,
Буззий боккха вайн наштаран кад.
Можа сискал йилла хьалха, яккхий, -
Ц1инлучу цу беттан нийсса ах.
Х1умма а дац, муьста берам бацахь,
Лулахошка хохаш беха ахь...