ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Литвиненко Александран дахарх а, валарх а" опера гайтина Британехь


ФСБ-н хиллачу эпсаран Литвиненко Александран рол гайтина актер Дуайер Эдриан
ФСБ-н хиллачу эпсаран Литвиненко Александран рол гайтина актер Дуайер Эдриан

2006-чу шарахь Лондонехь дIовш делла, вийначу къайлахчу сервисийн эпсаран Литвиненко Александран кхолламах лаьцна "Литвиненко Александран дахар а, валар а" цIе йолуш хIоттийна дуьненан опера гайтина исбаьхьаллин Grange Park Opera фестивалан гурашкахь Британехь. Аншлаг хуьлуш дIадаьхьна гайтар. Гольдфарб Александра язйинчу "Диссидентан Iожалла" (оьрсийн матте гочдарехь - "Саша, Володя, Борис. Верах истори) книгин буха тIехь кхоьллина ю операн сюжет. Цо дIалоцу Литвиненкос къайлахчу сервисашкахь болх бина мур а, Нохчийчохь хилар а, Британи эмиграци яр а, дерзадо цуьнан валарца.

Литвиненкон парти олуш вара тенор Дуайер Эдриан. Операн кхинболчу турпалхошлахь Александран хIусамнана Марина а, олигарх Березовский Борис а, Литвиненкон ФСБ-хь хилла белхан накъост Луговой Александр а вара. Иза вийначун роль кхаьчна цунна.

Операна мукъамаш дIаязбина композиторо, мецената Болтон Энтонис, либретто- гоьваьлла сценарехь язъеш волчу, гочдархочо, Лондонерчу паччахьаллин операца а, Англин къоман операца а белхаш бечу Хескет-Харви Кита.

Болтона дуьйцу, 2008-чу шарахь дешнера ша Литвиненкон кхолламах лаьцна, иза "дагах кхеттера" шена, бохуш. Композиторна хетарехь, "операна лерина кхузахь дерриг а долуш ду: Iедал, политика, ямартло, безам, кхерам".

Опера кечъечу заманчохь гIо латтийна Литвиненкох йисинчо.
"Дешнашца ала луш доцург эмоцешкахула мукъамаша хазадо, суна хетарехь, опера - уникале таро ю - сан хIусамден дахарх а, Iожаллех а дерг карладаккха", - аьлла Литвиненко Маринас премьера йолаялале хьалха.

Ингалсан маттахь дIаолуш ю опера, оьрсийн матте гочйо цхьаьна олуш йолу партеш. Документалан кинохроникера суьрташ а гойту оперехь.

ФСБ-н эпсар хилла Литвиненко Александр Британи дIавахара, цигахь Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна а, Оьрсийчоьнан Iедалхошна а шога критика еш вистхилира иза.
Литвиненко вийра Лондонехь 2006-чу шарахь, полоний олу дIовш а малийна. Британин талламхой тешна бу, оцу зуламна Оьрсийчоьнан Iедалхой бехке бу аьлла. Ткъа Москвано тIе ца дуьту, политикан бух болуш, цхьана Iалашонца бехкедо шаьш, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG