ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ливино гIо доьху Путине


 Архивера сурт.
Архивера сурт.

Масийтта шарахь тIом боьдуш йолу Ливи кIелхьаряккхалур ю Оьрсийчоь а, ша президент Путин Владимир а юкъагIортаро. Цунах лаьцна дIахьедар дина цу мехкан малхбалерчу кIошташна Iуналла дечу Ливин къоман армин векалша, яздо Маршо Радион оьрсийн сервисо. Иза коьртачу шина ницкъаш цхьаъ бу цу пачхьалкхехь. Цуьнца цхьана, Оьрсийчоьнан эскархой а, Кремлца а, мехкадаьттан компанешца а йоьзна йолу долахь йолчу компанеш а Ливехь йолу дуккха а хан ю.

2011-чу шарахь Каддафи Муаммар вохийначул тIаьхьа, Ливехь тIом болабелира, цхьана хенахь цхьаьна хиллачу гIаттамхойн тобанашна юкъахь. Карарчу хенахьтайп-тайпана бертахоша гIортор а еш, цу махкана Iуналла деш бу лаххара а ши ницкъ.

Царахь цхьаъ ю дуккха а пачхьалкхаша къобул йина, 2014-чу шарахь хаьржина йолу "Ливин векалаллийн чоь" (Меджлис). Тобрукера Iедал а олу цунах. Цо Iуналлехь латтош ю малхбалехь а, къилбехь а, мехкан юккъехь а йолу кIошташ. Цунна гIортор еш ю Ливин къоман арми, шен коьртехь фелдмаршал Хафтар Халиф а волуш. И стаг ву Ливехь уггаре вевзаш волу тIеман а, политикан а Iедалхо.

ШолгIа ницкъ бу Триполехь куп тоьхна долу Къоман цхьааллин Iедал, шен коьртехь Президентан кхеташо а йолуш. Цу кхеташонан коьртехь ву премьер-министр Сарадж Фаиз. И орган кхоьллина 2016-чу шарахь, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташоно гIортор а еш.

Цул сов, Ливехь ю дуккха а жима а, яккхийра а тобанаш а, цхьаьнакхетараллаш а. Царна юкъахь уггаре яккхийчерах ю "Мисуратан Бригадаш" а, "Зинтанан бригадаш" а, ткъа иштта "Исламан пачхьалкхан" тобанаш а.

Тобрукера парламент 2018-чу шарахь аьхка дуьйна тIом беш яц Триполерчу Iедалца. Цуьнан бертахо йолчу Ливин кIоман армино а, цуьнан буьйранчо Хафтара а юьхьарлаьцна ю цхьацца провинцешкахь йолу "Исламан пачхьалкх" а, кхин йолу а радикалан олу тобанаш.

Ши де хьалха, Марсхьокху-беттан 8-чу дийнахь Ливин къоман армин векло Мисмари Ахьмада РИА Новости агенталлана интервью луш, йовзийтина шен куьйгалхой офицалан позици. Царна хетарехь, дукха кегаре хилла Ливера кризис дIаерзалур яц, Москох а, ша Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а юкъа ца гIортахь а, кхин болу махкара боцу векалш цигара дIа ца бахахь а. Юьйцурш ю, масала, Туркойчоь а, Катар а, Итали а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG