ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лоьрийн кхачам болчу регионийн рейтингехь тIаьххьарчех ю Нохчийчоь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Пачхьалкхан, муниципалан лоьрийн хьукматашкахь лоьрийн кхачам болчу оьрсийн регионийн рейтингехь чакхенгара схьа кхоалгIачу меттехь* ю Нохчийчоь. 10 эзар бахархошлахь нислуш болчу лоьрийн терахь ду тидаме эцнарг. Хьал чолхе долчу топ-10 регионашна юкъанисбелла Роставан мохк а.

Товбеца-баттахь долчу зерашца юккъерчу барамехь 10 эзар оьрсашна юкъахь 40 лор нисло, дуьйцу хьукматашна юкъарчу хаамийн-статистикан цхьаалин системехь Оьрсичоьнан могушалла Iалашъяран министралло. Къилбаседа Кавказан дукхачу регионашкахь и барам дикка лахара бу.

Иштта, Нохчийчохь 10 эзар бахархошлахь 27 лор нисло. Цул а галдаьлла хьал Курганан, Пскован мехкашкахь ду. Ростован кIошто чакхенгара схьа уьссалгIа меттиг яьккхина – кхузахь 10 эзар бахархошлахь 31 лор ву.

Краснодаран махкахь, Адыгейхь 32 лор ву оцу барамна, Ставрополан махкахь, Дагестанехь – 34, Волгоградан махкахь, Кхарачойн-Чергзийчохь – 38, ГIебарта-Балкхаройчохь – 39.

Оьрсийчоьнан Къилбехь лоьрийн кхачаман барам уггара лекхара бу Астраханан махкахь (10 эзар бахархошлахь 49 лор), иштта ГIалмакххойчохь (43 лор).

  • Къилбаседа Кавказехь дIаяьхьначу терапевтийн форумехь Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна "Авиценна" мидал елира, могушалла Iалашъярехь а, лоьрийн Iилманаш кхиорехь а доккха дакъа лацарна. СовгIат дIакхачийра хьаькамна тераптевтийн Iилманан а, медицинан а Оьрсийчоьнан юкъараллин куьйгалхочо, РАН-ан академико Мартынов Анатолийс а, Оьрсийчоьанн Юккъерчу федералан гонийн пульмонолога Малявин Андрейс.
  • Берийн кхалхарш алсам долчу Оьрсийн регионашкахь хьалхарчу меттехь ю Нохчийн республика. ШолгIачу, кхоалгIачу меттехь ГIалгIайчоь, Дагестан нисъелла. И хаамаш хьахийра Владивостокерчу Малхбаленан экономикан форумехь.
  • 2021-чу шеран дечкен-баттера лахьан-батте кхачалц долчу хаамашца, шо кхачанза долчу берийн кхалхарехь уггара лакхара терахь долчу регионийн декъе нисъелира Дагестан, Ростован а, Краснодаран а мехкаш.
  • Дайначу шеран аьхка Оьрсийчоьнан премьер-министро Мишустин Михаило тIелецира, 2010-чу шарахь дуьйна кхочушъеш йолу Къилбаседа Кавказера социалан-экономикан кхиоран программа ледара эвсаралла йолуш хилар. Бахьанех цхьаъ регионехь берийн кхалхаран терахь лекхара хилар ду, аьлла цо.

*Официалера оьрсийн статитико Оьрсийчоьно аннекси йина йолу ГIирма а юкъалоцу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG