ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лукашенко "майра а, бакъхьара а стаг ву", аьлла Кадыровс


Арихивера сурт.
Арихивера сурт.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана винчу денца декъалвина Беларусин президент Лукашенко Александр. Шен кехатехь Кадыровс ца кхоийна цунна тIамехь хин долу дешнаш алар.

"Доккхачу элпаца хьахон адам а, политик а, бахаман кхиаме урхалладархо, доьналла долу, майра а, бакъхьара а стаг, везаш а, лоруш а волу хьекъале политик", - аьлла ду Кадыровн телеграм-каналерчу постехь.

Кадыровс чIагIдо, "Беларуси тахана уггар дика кхуьуш йолу пачхьалкх хилар Советан пачхьалкхах йисинчарах".

Нохчийн куьйгалхочо Нохчийчу кхайкхина Лукашенко, "цигахь иза доьналла долу, бакъхьара стаг санна лоруш" хилар а хьахош. Кадыровс аьлла "къаьсттинчу догдикаллица тIеоьцур ву ша беларусийн президент.

  • Хьалхо хаамаш баьржира Кадыров Рамзана декъалварх лаьцна Лукашенко Александр президентан харжамашкахь толам баккхарца.
  • 2019-чу шарахь Мангал-баттахь Лукашенкос "Къаьмнийн ДоттагIалла" олу орден елира Кадыров Рамзанна. Иза ша ло "кхечу наханна делла ца Iаш, вайн къоманна а доккха ирс кхачийначу стагана", - элира Беларусин президента.
  • Цул хьалха Мангал-беттан 2018-чу шарахь Нохчийчу ваханера Лукашенкон воккхаха волу кIант Виктор. Иза хилира Гумсерчу леррина эскаран тобанаш кечйон университетехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG