ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лукашенкоc нохчий бехке бина мухIажарш Евробертан дозане кхехьарна


РИА Новости агенталлана интервью луш Беларусин президента Лукашенко Александара дIахьедар дина, Евробартана юкъайогIучу пачхьалкхийн Беларусица долчу дозанашка мухIажарш кхоьхьучарна юкъахь бара Оьрсийчоьнан бахархой, шайна юкъахь нохчий а болуш аьлла.

Оьрсийчоьнан пачхьалкхан телевизионехь программаш дIахьуш волчу Киселев Дмитрийца къамел деш цо элира: "Оцу наха долахь машенаш йолу нах лоьцу, 350 километр, 300, уьш дIакхочу Бресте а, Гродно а дозане. Долахь йолу компанеш, таккха такси, автобусаш лоцу… Амма кхузахь некъ гойтуш хьалха бевлла болх беш бара Оьрсийчуьра нах, баркалла нохчашна. Уьш ду барт болуш адамаш. Уьш уггар барт болуш бара кхузахь, тобанаш дIахьажо вовшахтухуш".

Лукашенкос тIетуьйхира, цара гIо дира аьлла, адамашна дозане кхача а, ткъа "хила мегаш, царна дехьабовла" а.

  • Миграцин кризис йолаелира Беларусин дозанехь кхушара бIаьста. Мигранташ а, мухIажарш а, коьртачу декъана Иракъера а, Шемара а, Беларусе богIу, цул тIаьхьа дIабоьлху Литван я Польшин дозане, къайлаха иза хадийна Малхбузен Европе кхача дагахь.
  • Евробартобехке еш ю Лукашенкон режим, леррина и хьал кхолларна, дуккха а тоьшаллаш а далош, Iедалша, уггар хьалха ницкъаллин структураша, мигранташна гIо деш хиларан дозане кхача а, иза хадо а.
  • Беларусин а, Польшин а дозанера хьал ирделира Лахьан-баттахь, 2 эзар сов мигрант штурмца доза даккха гIоьртинчул тIаьхьа. Зорбан гIирсашкахь хаамаш бора мухIажарш дозане кхаьчна хиларх лаьцна, Беларусин агIоно дозанца йинчу кертаца хьалххе коридор а кечйина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG