ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Луларчу зударшна йиттина "Ахматан" латархо тIамтIе хьажийна

Юнусов ДжихIад
Юнусов ДжихIад

Соьлжа-ГIалин шина йахархочунна йиттинчул тIаьхьа латархойн "Ахмат" клубан хилла декъашхо Юнусов ДжихIад Украинана дуьхьал тIом бан вохуьйтуш ву. Цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даьккхина хиллий а, хууш дац. Хьалхо Нохчийчоьнан Iедалхоша чIагIо йинера, "цунна догIу таIзар дийр ду" аьлла.

Спортхо тIамтIе воьдуш хиларх лаьцна хаамбина цо ша, шен инстаграмехь: "Сан рогIера Москвахь АСА-н турнирехь хила деза латар йукъахдаьккхина, Украинерчу СВО воьдуш ву со. Доллу дахарехь сайн къоман а, Оьрсийчоьнан а цIарах лелла ву со дика летачу нахалахь дуьненан къийсамашкахь, хIинца дозаллица сайн пачхьалкх Iалашйийр йу аса СВО-хь". "Кавказский узел" гIирсо тидам барца, "Север-Ахмат" тIе йаздинчу гIишлона хьалха лаьтташ ву суьрта тIехь спортхо.

Стигалкъекъа-баттахь социалан машанашкахь йаьржира, Юнусов шен шина лулахочун коча а вахана, царах леташ, оцу шайн йукъарчу сени чохь цара видеокамера хIоттор ца тайнера цунна.

Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедира и видео нахалайаьллачул тIаьхьа, шаьш таллам бийр бу аьлла, амма шайн хилла жамIаш довзийтина дац цара. Оцу девнан хьокъехь иштта вистхилира къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, информацин министр Дудаев Ахьмад а. Цо дош делира, "бехкениг жоьпе хIоттор ву, цунна догIу таIзар а дийр ду" аьлла. Иштта цо тIетуьйхира шегара, "махкахь массо а зуда низамца а, динан Iадаташца а, гIиллакхашца а ларйеш йу" аьлла.

Бакъонашларйархоша масийтаза хаамаш бира, хьал кхечу кепара хиларх лаьцна: Нохчийчохь чохь йалош йу, Кадыров Рамзанан рожан критикийн нана Мусаева Зарема, иштта доьзалехь гIело хьегийтарх бевддачу зударшна тIаьхьабийларх лаьцна а.

Нохчийн оппозицин блогеро Абударахманов Тумсос бахарехь, Юнусов "Кадыровн хьомечу нахах ву".

  • Къилбаседа Кавказера зударий цIера бовдаран коьртачех бахьана ду- хIусамдас, йа марзхоша тIехь тIух сов Iуналла латтор, иштта ша берех йаккхарна кхерар а. Къилбаседа Кавказехь доьзалехь ницкъ беш хиларх лаьцна Ad Rem тобано 2025-чу шарахь хIоттийначу рапортехь дуьйцу шелтерашкара берхIийтта шерашка бовланза кхиазхой лечкъорах, наной лаца кхайкхорах, уьш талламан изоляторшкахь латторах. Ткъа Нохчийчуьра а, Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а зударша, шайн цIийндайша шайна кхерамаш туьйсу бохуш, ден аьрзнаш, мелхо а тергамза дуьту бакъоларйаран органаша.
  • Лаьцна дIайигина бутт сов хан йаьккхина Минцаева Билкъис эххар а гайтира нохчийн Iедалхоша. ХIинца иза кхерамзаллехь йу, маьрша а йу олийла дуй? Цунах лаьцна хеттарш дира тхан редакцино бакъонашларйархошка Михальченко Лидияга а, Мирошникова Александре а.
  • Украинана дуьхьал бечу тӀамехь дакъалоцуш кIезиг бу Къилбаседа Кавказера бахархой, ткъа дIахьедо лаккхара терахьаш. Оцу йукъанна лахара ду регионан дукхахйолчу республикашкара беллачийн зераш а. Иштта жамӀ дина бакъонашларъяран "Мемориал" центро. Цуьнца цхьаьна цара документашца гойтуш йу кхин цхьа процесс: буьззинчу барамехь тӀом лаьттинчу шерашкахь хаалуш чӀагӀбелла Кадыровс Ӏуналла дечу тӀеман ницкъаш.
XS
SM
MD
LG