ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магаданан кIоштахь ахчанаш дохуш хилла аьлла, лаьцна ГIалгIайчуьра вахархо


Магадан
Магадан

Бакъоларъяран органаша Магаданан кIоштахь лаьцна ГIалгIайчуьра вахархо Алтемиров Султан. Официалан хаамашца, федералан лехамашкахь хилла иза нуьцкъаша ахчанаш дахарна, хаамбо "ОПЕР Слил" телеграм-канало.

Талламна тарделла, бехкехетарг лелаш хилла, ГIалгIайчохь болх бечу батIалхьажойн вежаралла олучу тобанан интересашкахь аьлла, церан жигара декъашхо хилла иза ша а.

Карарчу хенахь Алтемировна дIасавалар доьхкуш барамаш бу дIахьош, иза даймахка дIа а хьажош.

БатIалхьаьжойн вежараллина юкъахь ву 20 эзар гергга стаг. Ткъа шаьш батIалхьаьжоша чIагIонаш йо, шайн могIаршкахь 30 эзар стаг ву бохуш. 19-20-чу а бIешерашкахь ваьхначу Шайхан БатIал-Хьаьжин тIаьхьенах нах лору цара шаьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG