ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хир юй Магасехь митингаш?


Евкуров Юнус-Бек, ГIалгIайчоьнан куьйгалхо
Евкуров Юнус-Бек, ГIалгIайчоьнан куьйгалхо
Садовская Алена

ГIалгIайчоьнан прокуратура кхетта, амма Iедал "ца кхета" бахархойн бакъо юйла гулам вовшахтоха

Несарарчу жигархошна кху беттан 11-чохь шаьш хIоттабо баьхна гулам хIотто новкъарло йина юха а. Мехкан куьйгалхо хоржуш хила веза, "лакхара охьаваийтина а воцуш", аьлла ю Iедало жигархошка ца йойтучу митинган тема.

"Хан тIекхача ши кIира дуьсуш оха президентан администраце хаам хьажийра, тхаьш гулам бан дохку аьлла – дихкира тхуна. Оха тхайна гулдала бIегIийла ду аьлла хетачу кхаа меттиган цIе яьккхинера, царех цхьаъ магор-кха аьлла. Нагахь санна оцу кхааннах цхьа а ца магаяхь, тхаьшна "аш къасттийна меттиг мега" а аьллера. Амма тхуна цхьаьнхьа а ца магийна гулдала", - дийцира "Кавказ.Реалиига" ГIалгIайн Тайпанийн Кхеташонан куьйгалхочо Ужахов Малсага.

Бахархошна гулам бан дехкар догIуш дац Оьрсийчоьнан низамашца, Iедал къасто декхаре дара ша иза дIабахьа магош йолу меттиг а, хан а, аьлла, мехкан прокуроро Васильченко Андрейс министрийн кабинетан куьйгалхочуьнга Гагиев Руслане бутт сов хьалха дахьийтина кехат а дисина жоп доцуш.

Гулам бан деккъа дIа дехка бакъо яц, администрацино альтернатива кховдо еза, аьлла дара бахначу беттан юьххьехь динчу прокуроран дIахьедарехь. Мехкан прокуроро Васильченкос низам талхийнарш жоьпе озор а дехнера Iедале хIетахь.

Кху баттахь рогIера дехар хьажийра Iедале жигархоша, ца магийна гулам дIабахьа. "Тхоьга юха а "хIан-хIа" аьлла, цу тIе хаам а баийтина, оха хьалха йина митинг магоза хIоттийна яра, шаьш тхо жоьпе озадо Магасерчу кхелехула, аьлла. Тхо прокурорна тIедахара, иза тхан агIор вара, ша юха а хьажор ду администраце дIахьедар, элира", - дуьйцу Ужаховс.

"Кхел хилла Марсхьокху-беттан I0-чохь, пIераскана, сарахь, цундела тхо ца кхиира нах II-чу денна гуламе кхайкха. Коьртаниг – прокуроро а, кхело а тхо бакъдо, Iедало низам талхийна боху", - билгалдоккху жигархочо.

"Гулам Iедало а магош дIабахьар оьшу тхуна, кхано гIуданаш ца деттийта, 20 эзар гIуда – тIех беза мах бу. ХIинца администрацино - кхелан сацам цунна бевзаш хила ма безий – магоре хьоьжуш Iа тхо", - элира Ужаховс.

Цо бахарехь, мехкан куьйгалхо халкъо хаьржина хIоттош хила веза аьлла йолу цхьа митинг дIаяьхьина махкахь хьалхо, хила езарг – оццу хьокъехь шолгIаниг хир ю.

Бакъду, керла тема а ю хила безачу гуламна кечйина – халкъан лаамашка ладугIуш йоцчу мехкан парламентна резадацар дIакхайкхор. "Депутаташа хийцина мехкан конституци, даьхна тхо гуламаш бан пачхьалкхо лучу бакъонах, хьалхарчу митингехь оха хьахийнера иза, хIетахь тхуна митингехь жоп делира спикеро Евлоев Зеламхас, амма ла ца дуьйгIира оха динчу дIахьедаршка", - боху тайпанийн кхеташонан лидеро.

Магасерчу кхело гIуданаш тоьхна хьалха митинг хIоттийначарна, и сацам тIечIагIбина мехкан лакхарчу кхело. Иза харцо ю аьлла хета Ужаховна. РогIехь арздина цо а, цуьнан накъосташа а ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхеле. ГIо дехна жигархоша "Правовая инициатива" ("Низаман жигаралла") юкъараллерчу юристашка. Оьрсийчохь бакъдерг ца карадахь, Европан кхеле довла а дагахь ду шаьш, боху Ужаховс:

"Оха чуделла тхаьйн кехаташ, документаш, "Правовая инициатива" бух кечбеш ю Европан кхеле дов чудала".

Магасехь, бахначу беттан 2-чу дийнахь хилира лакхахь буьйцу хьалхара гулам. И хилла денош девлча долийра Iедало декъашхошна гIуданаш детта. Амма еккъа цхьа тайпанийн кхеташо хилла ца Iа мехкан да халкъо харжа веза, Москох къастийна а воцуш, аьлла хетарг – масала, гуламашка юьйлучу юкъарлонашлахь ю Оьрсийчуьрчу шина партин ГIалгIайчура дакъош – "Оьрсийчоьнан интернационалан парти " а (Интернациональнаяпартия России), "Даймехкан Турсхой" а (Защитники Отечества"), иштта "Ерриг ГIалгIайчоьнан бахархойн кхеташо" юкъаралла а.

2008-чу шарахь дуьйна ву Евкуров Юнус-Бек ГалгIайчоьнан коьртехь. 2013-чу шеран аьхка цо дитира дарж, ханна сецира мехкан коьртехь. Амма президенто Путин Владимира ша магочу кхаа кандидаташлахь яьккхира цуьнан цIе – ГIалгIайчоьнан парламенто иза чIагIвира ша ханна карахь латточу дарже. ТIейогIучу гурахь юхахаржа везаш ву ГIалгIайчоьнан куьйгалхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG