Ши шо хьалха Гуьржийчу дIавахначу Ростоврчу журналистан Резник Сергейн доьзалан хIусамех хьоьвсина бакъоларъяран органийн белхахой. 80 шо долчу ненера а, кхиазхо-кIантера а компьютер а, мобилан телефонаш схьаяьхна. Адвокат цхьаьна а воцуш хеттарш дина хилла цаьрга. Свобода Радион корреспонденто бина и хаам.
Доьзалехь талламаш бечу заманчохь гIоьртина хилла, Резника дийцарехь, цуьнца дина йозанаш карон. Iаткъамбар дузу цо ша бечу балхаца.
Оьрсийчоьнан къилбехь а, иштта полицехь а, ФСБ-хь а йолчу коррупцех лаьцна авторан телеграм-канал ю Гуьржийчуьра лелош Резника.
Резник – журналист-талламбархо ву, политикан тутмакх лаьттина а ву иза. Антикоррупцин цхьа могIа материалийн автор ву иза. 2017-чу шарахь Сахаров Андрейн цIарах совгIат дира цунна.
Ши шо хьалха дIавахара иза пачхьалкхера, бехкзуламан гIуллакх шена дуьхьал даккхарна кхоьруш, амма цуьнан доьзал баха бисина Ростов-на-Дону гIалахь.
2021-чу шарахь цунна дуьхьал айдира бехктакхаман гIуллакх, нацизм къобалъярна аьлла. Федералан лехамашка велла а ву иза.
"[Ницкъхоша] цкъа а ца хиллачу кепара Iаткъам латтабо сан доьзална, беран а, къеначу ненан а могушаллица кхерамаш а туьйсуш. Закъалте лоьцуш практика ю юкъаялош. Со цIа ваийта хьийза уьш. ХIун дина ас оцу пачхьалкхана? Цара къоладар а, уьш мукадехкий хилар а дIагайтина-кх. Бакъ ма ду иза", - дIахьедина журналисто.
Цунна дуьхьалъяьккхинчу нацизмана реабилитаци яр аьллачу артиклца а догIуш, шина шаре, йа пхеа шаре гергга набахтехь яккха хан кхачайо журналистана.