ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Маьрша Ичкери" аьлла депутатийн вовшахтохаралла ю Украинан парламентехь


Лакхарчу Радан кхеташо, 2020 шо. Гайтаман сурт
Лакхарчу Радан кхеташо, 2020 шо. Гайтаман сурт

Фракцишна юкъара депутатийн "Маьрша Ичкери" вовшахтохаралла гучуяьлла Украинан Лакхарчу Радехь, цунах лаьцна шен фейсбукерчу агIонехь дийцина чоьхьарчу политикан хеттаршкахула а, парламентийн юкъарлонашкахула а йолчу комитетан куьйгалхочо, Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн вице-президенто Мережко Александра.

Карарчу хенахь вовшахтохараллина юкъахь ву "Халкъан ялхо", "Аз" фракцийн 12 депутат. Дукха хан йоццуш Францихь вовшахтоьхначу нохчийн "Цхьааллин ницкъ" боламца юкъарлонаш ду церан.

"Маьрша Ичкери" МФО лаьтташ ю къаьстинчу принципаш тIехь – Оьрсийчоьно оккупаци йина Нохчийн Ичкерия республикан суверенитет къобалйар, Кадыров Рамзанан Нохчийчуьра Iедал легитиме цахилар тIелацийтар, нохчашна геноцид дина хилар къобалдар", - аьлла ду депутатан Мережкон публикаци тIехь.

Парламентарийно билгалдаьккхина, вовшахтохаралла кхоллар дагадаийтинарг къобалйазчу Нохчийн Ичкерия республикан хиллачу президентан кIант Масхадов Анзор а, "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхо Сулейманов Джамбулат а хилар.

"Украинан президенто Зеленскийс [Владимир] парламентана тIедиллина нохчийн агIонца юкъаметтигаш лелоран формат нисйе аьлла. Оккупаци йина Нохчийчоь йозуш йоцу пачхьалкх ю аьлла, тахана къобалдар логикехь дац, билггал долчуьнца зIе йолуш а дац, амма хIара тайпа инициативаш а, Украинан Iедалхоша нохчийн диаспораца юкъарлонаш лелоро а бух буьллу, деоккупаци йича кхана-лама и тIелоцур ду аьлла", - дийцина Кавказ.Реалиига Сулейманов Джамбулата. Цо билгалдаьккхина, кхечу мехкийн векалшца юкъарлонаш дIатуьйсуш диаспоро болх бен дуккха а шераш дара, тахана цо жамIаш ло аьлла.

  • Товбеца-беттан 20-чохь Лакхарчу Радехь кхоьллира "Маьршачу Кавказехьа" депутатийн тоба. Дуьххьара цуьнан декъехь вара урхаллин а, оппозицин а партешкара итт депутат. Тобанан куьйгалла дира Гончаренко Алексейс. Чергазийн геноцид а, Ичкерин суверенитет а къобалйе аьлла, стигалкъекъа-баттахь дуьххьара дагадеанарг иза ва.
  • ГIадужу-беттан 18-чохь Нохчийчоьнан Ичкерия республика Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина территори лоруш, "нохчийн къомана дина геноцид" емалдеш, сацам тIеийцира Украинан Лакхарчу Радехь. Оцу сацамехьа кхаьжнаш тесира цигахь хиллачу 287 депутато. Сацаман цхьахволу автор вара Гончаренко.
  • Европера нохчийн диаспорийн векалша дахначу мукъаденошкахь Ичкери маьрша хила луучу агIончаша къаьстина ши съезд дIаяьхьира. Лахьан-беттан 25-чохь а, 26-чохь Францихь хIоттийначу гуламна хьалха вара "Толам" боламан хьалханча Сулейманов Джамбулат. Де даьлча Бельгехь хилира къобалйазчу Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада вовшахтоьхна конференци. Диаспорийн шина лидеран политикан къовсам санна хилира и ши съезд: цхьаболчу бараман декъашхоша лечкъа а ца деш дIахьедира Ичкерин агIончаш шина декъе бекъабаларх.
  • Шина а съездан белхашкахь дакъалецира Гончаренко Алексейс. Мережко Александр хилира Францехь хIоттийначу съездехь. Шина а конференцихь бовзийтира иштта кхинболу украинхойн политикаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG