ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьждиг дайта дуьхьал хиларна Югрехь имам мэраца къуьйсуш ву. Кадыровс делла цунна ахча


Ханты-Мансийскан автономин гонашкара ден маьждиг. 2023-чу шеран лахьанан-бутт. Кадыров Рамзанан телеграмера йина скриншот
Ханты-Мансийскан автономин гонашкара ден маьждиг. 2023-чу шеран лахьанан-бутт. Кадыров Рамзанан телеграмера йина скриншот

Ханты-Мансийскан автономин гонашкара Сургутан кIоштара Лянтор гIалара имама Исхаков Iабдулкаюм хазрата кхеле велла гIалин куьйгалхо Луценко Алексей. Бахьана ду маьждиг дан бакъо йала Iедалхой духьалбовлар. Хьалхо мэро а, имама а ахча дехнера маьждиг дан Кадыров Ахьмадан цIарахчу фонде – 50 миллион сом делира царна, ткъа гIишло йан буьйлабеллера стохка. 2023-чу шеран лахьан-баттахь цигахь бух боьттира.

Имаман искехула административан гIуллакх луьстур долуш ду стигалкъекъа-беттан 30-чохь, хаамбира Сургутан кIоштан кхело. Маьршачу некъаца пурба даларх хаттар листа сацамбира Iедалхоша – дуьхьалойар доьзна хиллера проектан документацица хиллачу проблемина тIехула – амма бусалба йукъараллехь кхеле бовла лиира, дийцина Лянторан администарцира хьасто URA.ru сайте.

Исхаковс журналисташка хаамбира, маьждиг дан Нохчийчуьра Iедалхоша 50 миллион сом делла аьлла, амма кхеле довларх лаьцна дийца реза ца хилира.

2023-чу шеран лахьан-баттахь Кадыров Рамзана дийцира Лянкоран "Iедалхоша а, муфтиято а, бахархоша а" дехар дарх гIаличохь дуьххьарлера маьждиг дан лаам хиларх. Бусалба нахана цхьа жимо чоь йеллера ламазана, оцу тIехула цхьаберш декхаре хуьлура шийлачу арахь ламаз дан. Кадыровс дIахьедира, шен векалшна проект а, гIишлошъйаран майда а гина хиларх – видео тIехь гуш дара бух боьттина балар. ГIишло йан йелла бакъо а йоцуш, мича бакъонна тIехь бух боьттинера, хууш дац.

Iалашо йара Лянторера маьждиг шина гIат тIехь хир ду аьлла, ткъа цу чу тарлур волуш вара 600 гергга стаг.

Лянтор гIалара маьждиган проект. Кадыров Рамзанан телеграм-каналера видеон йина скриншот
Лянтор гIалара маьждиган проект. Кадыров Рамзанан телеграм-каналера видеон йина скриншот

Нохчийчоьнан урхаллехь волчун ден Кадыров Ахьмадан цIарах фонд кхоьллина йу 2004-чу шарахь, цуьнан куьйгаллехь йу Кадыров Рамзанан 70 шо долу нана Кадырова Аймани. Организацих масийттаза элира "Кадыровн бохча", цу фонде бертаза ахчанаш дохкуьйту бюджетан белхахошка. Фонд Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министраллин санкцийн тептарехь йу. Стохка Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцеш йехира Кадырова Айманина дуьхьал а.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун векалт 2018-чу шарахь гучуйелира Югрехь, кавказхошна а ницкъахой хиллачарна а йукъахь леттарш хиллачул тIаьхьа. ХIетахь вон лазийра Нохчийчутра вахархо. Карарчу хенахь векал ву цигахь Абдулхаджиев Iаббаз.
  • 2020-чу шарахь, оцу заманчохь Лянторан куьйгалхо хиллачу Махиня Сергейс латкъамбира Кадыров Рамзане нохчийн бизнесхочунна Абдулвахабов Iийсанна. Хьаькамо бахарехь, спорткомплекс тойечу хенахь кхачамбацарш дитина хиллера, "эхь-бехк доцуш, кIоршаме" лела аьлла. Иштта бохура шен хIусамнене а, йоIе а "кеп-кепара смс-ш йазйо". Махиня Сергейца ша цхьанакхетар ву аьллера хIетахь Оьрсийчоьнан парламентан депутато Делимханов Адама: хиллий церан цхьанакхетар а, и муха дирзина а, ца хаийтира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG