ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьждигаш цатоарна бIеннаш бусулба наха Краснодаран урамехь Iийд-ламаз дина


Москвахь Iийд-ламазехь бу бусулба нах, 2022-чу шеран стигалкъекъа-беттан 2-хь. Гайтаман сурт
Москвахь Iийд-ламазехь бу бусулба нах, 2022-чу шеран стигалкъекъа-беттан 2-хь. Гайтаман сурт

Краснодарехь пхи бIе сов бусулба стаг урамехь Iийд-ламаз дан декхаре хилла. Дуьххьара дац миллион стаг вехаш йолчу гIалахь керла маьждиг схьаделлийта гIерташ меттигера бусулба нах хьийза.

Машанашкахь долчу суьрташка хьаьжча гуш ду, дезачу дийнан ламаз "Немецкая деревня" олучу микрокIоштахь деш ду цара, дукха хан йоццуш догIо тIадийначу латта тIехь.

Официалехь доцу маьждиг ду Краснодарехь Западная урамехь йолчу майданехь. Краснодар гIалин чакхенехь ду важа маьждиг – Яблоновский эвлахь, делахь а, иза Адыгейн доза ду, амма цу чу а ца тарло оьшшучул нах, дийцина Кавказ.Реалиин сайте Краснодарерчу бусулбачу стага - шен цIе йаккха ца лиъна цунна.

Дукха шераш ду Краснодарерчу Iедало официалехь маьждиш хьаладоттаран хаттар луьстур ду шаьш бохуш, амма хIинца а хIумма а дина дац. Эксперташа чIагIдора, Краснодарехь официалехь а доцуш, дихкина ду маьждигаш дар.

Кху шарахь охан-беттан 21-хь бусулбачу наха Ид аль-Фитр (Ураза Байрам) де даздеш ду – мархийн Рамадан беза бутт чекхбаларца доьзна ду иза. И де белхах мукъавоккхуш билгалдаьккхина ду Нохчийчохь, Башкирехь, ГIалгIайчохь, Дагестанехь, Татарстанехь, Кхарачой-Чергазийчохь, Адыгейхь, ГIебарта-Балкхаройчохь. Оьрсийчуьра бусулба нах оцу денца декъалбира регионашкарчу куьйгалоша а, президента Путин Владимира а.

  • Москвахь мэрино кхечу меттиге д1атеттира Косино-Ухтомский к1оштахь дан г1оьртина маьждиг - меттигерчу бахархоша протесташ йира цунна дуьхьал цхьана а, эха а баттахь – тIаьххьаре а, Iедало цунна кхин меттиг хаьржира. Хьалхо протестхошна дуьхьал бехктакхъаман гIуллакхаш доладе баьхна волчу Кадыровс и сацам "вуно дика" бу элира.
  • ТIаьххьарчу 20 шарчохь маьждигашна дуьхьал протесташ хуьлура йерриг Оьрсийчухула, тайп-тайпанчу гIаланашкахь, амма хIоразза цигахь цхьатерра дIахьедарш дора: маьждиг доттаро цигахь "ваххабиташ", "мигранташ", "террорхой" гулбийр бу бохуш. Кавказ.Реалиин сайто теллира, мила, хIунда дуьхьал вийлира оьсрйин гIаланашна "исламизаци" хилийта.
  • Ростоверчу кхело меттигерчу бусулбанийн "Аманат" организаци декхарейина Ростоврчу кхело бакъо йоцуш Туркестанан урамерчу маьждиган дозана тIехь йина гIишло дIайохайе аьлла. Йуьйцург ю, Украинерчу тIамехь байина Къилбаседа Кавказера бахархой дIабохкале лийчон чоь. И йоха ца йайта аьтто баьлла.
  • Карарчу хенахь Ростовхь болхбеш кхин а цхьа маьждиг ду, хьалхо гIалин Iедалшца кхелехь къийсира цара эскархойн декъа тIерачу маьждиг лаьттина гIишло. ХIетахь шайн претензеш дIахьейира тIеман министралло а, Назаретов Киман цIарахчу исбаьхьаллин берийн школано а. 2022-чу шеран лахьан-баттахь Пачхьалкхан экспертизо къобалйира долуш долу маьждиг шозза шордан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG