ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьждиге ламазе веана 600 стаг лаьцна полицино Подмосковьехь


Гайтаман сурт

Подмосковьерчу Котельникехь маьждигехь полицин белхахоша лецна пIераскан дийнахь рузбане гулбелла бусалбанаш. Цунах лаьцна хаам бина ОВД-инфо зорбан гIирсо.

Маьждигехь яьккхина видео шен агIонехь дIахIоттийна Baza телеграм-канало. Цу тIехь гуш ду маьждиге баьхкинчу нехан кехаташ хоьттуш полисхой хилар.

Хилларг гинчара дийцарехь, полицин ницкъаша дуккха а адам сацийнера маьждигера ара ца долуьйтуш, эххаре 60 гергга стаг дIавигира "Люберецкое" полицин декъе.

ТIаьхо "Гражданское содействие" бакъонашларъяран тобанца (арахьара агент лаьрра ю Оьрсийчохь) болх бечу адвоката Красова Марияс ТАСС агенталле бинчу хаамца, лецнарш, протоколаш а ца хIиттош, дIахецна.

"Цхьана низамашлардон органийн белхахочо ма аллара, адамаш дIалецар дакъа дара талламан цхьана мероприятийн, оцу гурашкахь лецначеран схьаийцира ДНК", - боху Красовас.

Цо дийцарехь, нах дIалоьцуш маьждигехь хилла 600 гергга стаг. "Цу чохь хилла Оьрсийчоьнан махкахой, дIахийцира паспорташка а хьажна. Кхечу пачхьалкхара нах (полицин) декъе а бигна, дIахийцира ДНК гулйинчул тIаьхьа", - аьлла адвоката.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG