ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карачаевскехь полисхо кхелхина маьждигехь къола дарна бехкехетарг лоцуш


Карачаевск гIала
Карачаевск гIала

Маьждигехь къола дарна шеконаш кхоллаелла Кхарачой-Чергазийчоьнан вахархо лоцуш кхелхина полицин лейтенант Башкаев Ануар, шолгIачу полисхочунна герзан чевнаш йина, хаам бо ТАСС агенталло.

Цо яздарехь, Карачаевскера араволучохь хилла и инцидент. 32 шо долу меттигера вахархо лаца гIоьртинера полицин белхахой, ткъа цу стага таллархочун "Сайга" тоьпаца дуьхьало йинера, иза дуьхьал герз тоьхан вийна полисхоша.

Талламан версица, некъан йистехь хиллачу бехкехетачо мел кIеззиг а ялхозза топ тоьхнера шина полисхочунна.

"Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Кхарачой-Чергазийчоьнехула урхаллан Карачаевск гIалахула долчу талламан декъо бехктакхаман гIуллакх талла долийна, Оьрсийчоьнан зуламийн кодексан 317 артиклаца догIуш, зулам даран билгалонаш хиларна ("Низамашлардаран органан белхахочуьнан дахарна тIекховдар")", - аьлла ду бинчу хаамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG